Дицдан йиш йоцург…

 

1941-чу шеран асаран беттан 22-г1а де – иза уггаре сингаттамечу терахьех цхьаъ ду Россин исторехь — Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман хьалхара де.

Сатосучу хенахь, 1941-чу шеран асаран беттан 22-чу дийнахь, т1ом кхайкхаза Советски Союзана т1елетира фашистски Германи. Цуьнан х1аваан кеманаша даккхий т1етохарш дира аэродромашна, ц1ерпоштнекъашна, т1еман дакъош лаьттачу меттигашка, дуккха а йолчу г1аланашна.
СССР-на дуьхьал т1ом бан х1иттира иштта Румыни, Итали, ткъа масех де даьлча – Венгри, Словаки, Финлянди.
1418 дийнахь а, буса а бахбелла и т1ом дабирзира 1945-чу шеран х1утосург беттан 9-чу дийнахь фашистски орданг йуьззина х1аллакьйарца. Йукъарчу барамехь оцу т1амехь х1аллакьхилла вайн мехкан 26,6 миллион стаг. Царах 8,7 миллион – т1еман аренашкахь, 7,42 миллион стаг х1аллаквина нацисташа д1алаьцначу меттигашкахь, 4,1 миллион стаг х1аллакьхилла оккупационни рожан къизачу хьелашкахь. 5,47 миллион стаг Германе д1авигнера каторжни белхашка. Царах ц1авирзинарг вацара 2,65 миллион бен, 2,16 миллион стаг велла йийсарехь.
1996-чу шеран асаран беттан 8-чу дийнахь арадаьллачу Россин президентан Указаца иэсан а, г1айг1анан а де аьлла кхайкхина асаран беттан 22-г1а де.
Оцу дийнаъь Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабаларна долчу иэсана, Россин территори т1ехь охьайохуьйту пачхьалкхан байракхаш. Культурин учрежденешкахь, телевиденехь, радиохь дуьззинчу дийнахь д1айоху самукъане мероприятеш, передачаш, мехкан куьйгалхоша зезагийн кочарш доьхку Москвахь Вевзашвоцучу салтичун кош т1е.
Россин халкъаша дагалоьцу Даймехкан дуьхьа шайн дахарш д1аделла болу шайн махкахой, уггаре а хьалха 1941-чуй-1945-чуй шерашкахь Сийлахь боккхачу Даймехкан т1амехь х1аллакьхилларш. Берриге а махкахула д1аг1о тайп-тайпана патриотически акцеш. Дукхах йолчу г1аланашкахь и иэсан мероприятеш д1аг1о и т1ом болабеллачу сохьтехь.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабалале долчу хьалхарчу деношкахь х1ора шарахь д1айолало «Иэсан поезд» аьлла йолу акци. И поездаш Москвара а, Санкт-Петербургера а д1аг1о Минске а, Бресте а. Цуьнан коьрта 1алашо йу т1екхуьучу т1аьхьенна т1еман шерашкахь хилларш дагадаийтар, т1еман дакъалацархойн дагалецамашка ладог1а аьтто хилийтар.
Ламасте хилла дисина Брестски г1опехь мемориальни комплексан майданахь асаран беттан 22-чу дийнахь 1уьйранна 4 сахьт даьлча гулам-реквием д1аболор. Цигахь дакъалоцу «Иэсан поездан» декъашхоша. Х1ора шарахь къоначу адамаша Буг ц1е йолчу хичу охьадоьхку зезагийн кочарш.
1996-чу шарахь дуьйна Москвахь Александровски бешахь йолчу «Даиман ц1еран» уллохь д1ахьо «Иэсан вахта. «Даиман ц1е» аьлла йолу патриотически акци. Цигахь х1ора дакъалацархочо латабо иэсан ч1урам – Сийлахь-боккхачу Даймехкан шерашкахь советски халкъо гайтинчу доьналлин иэсана дог1ург д1алуш.
Оцу дийнахь, 2009-чу шарахь дуьйна х1ора шарахь, д1ахьо «Иэсан ч1урам 22 июнь» аьлла йолу мемориальни акци. Цигахь х1ора шарахь Россехь ламаст хилла х1отторца дакъалоцу 1200 г1аланаша а, бахархойн пункташа а.
Иштта 2015-чу шарахь Москвахь дуьххьара д1айаьхьна «Иэсан сиз» аьлла йолу акци, и д1аг1учу муьрехь, латийна карахь ч1урамаш а болуш, бевлира Крымски бердайисте.

 

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля