Дала лардойла вай…

 

Экстремизм, терроризм – дукха даккхий зуламаш ду уьш, кху т1аьхьарчу заманахь къаьсттина. Дала адамо шена т1е куьг кховдор магош дац. Иза иштта хилар билгалдина а ду: «Шен дег1 дийна волу стаг, жоьжаг1атахь хир ву»,- аьлла. Террористо дуьненан рицкъанах 1ехалой, ваха а воьдий цхьа х1ума эккхуьйту. Цунах дуккха нахана зулам долу.
Вайна тахана коьрта оьшуш дерг х1ун ду вайн ворх1е дайшкара схьадеъна г1иллакх, г1уллакх, оьздангалла.
Вайна йуккъехь а нисло воккханиг д1а а тоьттуш, некъ хедош болу кегийрхой. Мел эхь ду иза! Хила йиш йолуш х1ума ма дац иза. Машенаш хоьхку сов чехка: йочане йелахь, т1е хатташ бетташ, йовха зама хилча, т1е ченаш йетташ. Некъашца т1ам т1ехь санна, леш адамаш ду вайн.
Таханлерчу керла хаамашца, вайн республикехь д1адаханчу цхьана к1ирнахь некъаш т1ехь, авариш а йина, ворх1 стаг д1акхелхина, шайна йукъахь бераш а долуш.
Хьалха хиллачу куьйгалхоша вайга баьхнарг х1ун дара? Дин толур ду, хаза дехар ду, маьрша хир ду, Делан калам хьала а ойур ду…. Ткъа х1ун хилира цунах? Дин ца тоделира, адамийн аьттонаш буьйхира, шина т1амехь йерриге а Нохчийчоь аьтта охьа а йиллира. Х1инца уьш, Делан къинхетамца, д1адевлла. Хьехархоша дика мел дерг хьоьхуш ду. 1елимнаха а, шайна Дала беллачу ницкъаца, хьехамашкахь г1иллакх, оьздангалла, Дала хьарам дина долу х1умнаш довзуьйту. Везачу Дала вайн лелочу г1уллакхан т1аьхье беркате йойла, ийманехь нисдалар а, г1иллакх-г1уллакх довзар а лойла!
Терроризм, экстремизм – иза ц1ий ду, вер-ваккхар ду, нанойн белхар ду. Къаьсттина новкъа дерг террористаша а, экстремисташа а шайн зуламна йукъа кегийрхой ийзар ду.
Массо а дай-наноша шайн бераш оцу зуламах лардахьар, ч1ог1а дик хир дара.
Суна луур дара, вайн махкара массо а къаьмнаш ирсе, бертахь дехийла; терроризм, экстремизм боху дешнаш а, цара деш долу зуламаш а вайн дахарера д1адовлийла!
Зуламхочо ойла ца йо, ша бехк боцчу нахана бечу балех. Шена дика болх хилчхьана, кхидолчух цуьнан дог ца лозу. Делан оьг1азло хилла адамаш ду уьш. Дала лардойла вай царах.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля