Вайн дукха дог-майра к1ентий, шайн б1аьхаллин декхар кхочушдеш, сий ца дойуш, йахь ца йухкуш, д1акхелхина.
Вайн декхар ду цара гайтина хьуьнарш т1екхуьучу т1аьхьенашна довзийта. Исторехь эхье, 1аьржа терахь ду — 1944-чу шеран ткъе кхоалг1а февраль. Масех сохьтехь хьаьвзина, берриге нохчий махках бехира. Д1абайра церан дайша, дедайша а, ворх1е а дайша б1еннаш шерашкахь летийна, уьш бохбина, царна дахарехь дегайовхо луш хилла, кхерчаш.
Дег1астанара махках ваьккхина 37 эзар сов стаг. Царех 20 эзар стаг даиманна висина Киргизин, Казахстанан аренашкахь, кешнаш долуш а, доцуш а. Генарчу новкъа баха аьтту боцчу йарташкара бахархой, машенаш хехка некъаш цахиларна, герз детташ, байира.
Тешам боллуш, вайн бакъо йац и ирча сурт дицдан.
«Д1адахнарг дицдинчунна тахане а, йа кхане а йац», — олура вайн дайша.
Дала гечдойла бехк-гуьнахь доцуш хийрачу махкахь х1аллакьхиллачарна массарна а!
Х1етахь, шовзткъе итталг1а шераш чекхдовлуш, эххар а ц1а дахка бакъо йаьлча, вайн моьттура нийсоно толам баьккхина. Амма иза иштта ца хилла…
Ткъа сагатдечух массийтта дош ала лаьа суна.
Вайн дайша, дедайша, халкъо боккха сийлахь-толам баьккхина 80 шо кхечира х1окху шарахь.
Вайна-м вайн майра турпалхой, тахана вайна парг1ато, машар гайта шайн дахар д1аделларш, цкъа а бицлур боцийла хаьара, амма цкъа а йаздеш а, а хьахош а дац Дагестанерчу цхьана а газето а, йа интернет-ресурсо а Даймехкан т1амехь дакъалаьцначу нохчаша лелийначу хьуьнарех лаьцна.
Ас леррина тергонехь латтадо и хьал.
Иштта ца лаьа царна вайн эвланаш йухайерзоран хьолехь лаьцна х1уманаш дийца а, йаздан а…
Иза иштта долуш, дог ч1ог1а лазадолу, бакъдерг дийцича. Йоккха харцо йу, олий, хета. Т1аккха вайн къоман баланаш а, кхачамбацарш а, вайн б1аьхойн хьуьнарш боккъалла а девзар дац кхечу къаьмнашна а, т1екхуьучу чкъорана а — уьш Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь хилла а бац аьлла хеталур ду.
Х1аъ, вайн республикин куьйгалхойн шатайпа политика хир йу-кх иза а… Кхи х1ун эр ду… Царна ма ца оьшу вай а, вайн баланаш а, сатийсамаш а…
Х1ете а, царна дезахь а, ца дезахь а — вай да-м ду. Хилла а ду. Хир долуш а ду…
Бибулатова Iайнаъ