Вайн г1алин администрацин конференц-залехь д1айаьхьира Лерринчу т1еман операцехь декхарш кхочушдеш веллачу Темирбеков Абушейтан сий деш цхьаьнакхетар. Цунах лаьцна хаам бина г1алин пресс-г1уллакххоша.
Кхелхинчу турпалхочун нене Темирбекова Гулзахре г1орторан а дешнаш элира Хасавюьртан куьйгалхочо Корголиев Корголис а, г1алин депутатийн гуламан председатела Умаханов Хаджимурада а, администрацин куьйгалхойн г1овсаша а, вайн г1алин а, к1оштийн а т1еман комиссара Абакар Давудовс а.
Корголиев Корголис Темирбекова Гульзахрина «Доьналлин» орден д1айелира, цуьнан к1антана Темирбеков Абушейтана Россин Федерацин Президентан Владимир Путинан Указаца йелла йолу (веллачул т1аьхьа), цуьнан к1ентан доьналла а, турпалалла а бахьанна.
Цхьаьнакхетарехь Корголиевс тешийра турпалхочун нана, церан доьзална мел оьшу г1о-накъосталла дийр ду аьлла.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ