Кху шарахь 80 шо кхочу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь советски халкъо боккха толам баьккхина. Иза йеккъа цхьа историн тептар т1ера аг1о йац — вайн дегнашна к1орга чов йу. Даймехкан парг1атонна а, шайн берийн кхане хилийтархьама а шайн синош д1аделла вайн пачхьалкхан турпалхоша.
Патриотизман символ хилла д1ах1оьттира т1емалочун доьналла а, турпалалла а. Йа инзаречу мацалло а, йа шелоно а ца бохийна вайн махкахой, х1унда аьлча, уьш ч1ог1а тешара шайн Даймехкан сирла кхане шаьш ларйеш хиларх. Церан ницкъ бахьана долуш, маьршачу стигална к1ел дехаш ду вай, вайн историх, цуьнан хазаллех дозалла дан йиш йолуш.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман фронташкахь доьналла гойтуш т1ом бира вайн мехкан дерриге а халкъаша. Т1амо йина чевнаш, вайн сийлахьчу т1емалоша фронташкахь гайтина хьуьнар, советски эскаро гайтина турпалалла а вайн халкъан иэсера цкъа а довр дац. Нацистийн Германина т1ехь толам баьккхинчу советан эскарийн доккха хьуьнар б1ешерашкахь лаьттар ду.
Дуккха эзарнашкахь адам дахара фашизмаца къийсам латто. Царна йукъахь бара вайн г1арабаьлла махкахой, турпалхой Нурадилов Ханпаша а, Бейбулатов Ирбайхан а.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман уггаре эвсаре советски пулеметчик лоруш ву Ханпаша.
Хинволу турпалхо вина 1924-чу шарахь Дагестанерчу Ярыксу-Аух йуьртахь нохчийн доьзалехь. Жима волуш дуьйна да-нана белла цуьнан. Ишкола чекхъйаьккхинчул т1аьхьа мехкадаьтта доккхучу заводехь нефтяник болх бира цо.
Минай-Туг1ай йуьртара, шен ханна ши шо т1е а тухуш, военкоматера аравелира Нурадилов Ханпаша.
1940-чу шарахь дуьйна эскарехь вара иза — йуьхьанца пулеметан ворда лелош, т1аккха — отрядан куьйгалхо а, пулеметни взводан командир а.
Ханпашин майралла а, доьналла а дукха хан йалале берриге а махкана хиира.
1941-чу шеран кхолламан баттахь цо шен пулеметца 120 фашист вийра, 7 йийсархо валийра. 1942-чу шеран чиллан баттахь 50 фашист х1аллаквира, мостаг1чун 4 пулемет охьата1ийра цо.
Цунна йелла йу «Ц1ен Седа» орден. 1942 шеран чиллан баттахь Ханпашас, шен йина чов а йолуш, вийра 200 сов фашист. Волга хин шуьйрачу аренашкахь, 1942-чу шеран бекарг баттахь, шен пулеметан ц1ерца мостаг1чун т1елатар талхийра цо, 300 фашист х1аллак а вина.
«Ц1ен Байракхан» орден йелира Нурадиловна.
Сталинградан дуьхьа хиллачу т1амехь дакъа а лоцуш, уггар чолхечу хьелашкахь, Букановская эвлана гергахь, 1942-чу шеран товбецан баттахь пулеметан взводан командир а волуш, цо х1аллаквира 250 фашистийн салтий а, 2 пулемет а йохийра. Оцу т1амехь Ханпаша хала чевнаш а хилла, госпитале воьдуш новкъахь велира.
Шен доьналла а, турпалалла а, майралла а гайтарна, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1943-чу шеран оханан 17-чохь даьккхинчу Указаца, лакхарчу сержантана Нурадилов Ханпашина, веллачул т1аьхьа Советан Союзан Турпалхочун ц1е а, Ленинан орден а йелира.
Цуьнан турпалаллин г1уллакхаш шуьйра довзуьйтура йуккъерчу а, фронтан а прессо.
Турпалаллин 1ожаллас д1авигира халкъан тешаме к1ант. Амма цуьнан сийлалла 1ожаллал а, заманал а ч1ог1а йу, уьш б1ешерашкахь дийна йуьсур йу.
83 шо кхаьчна Нурадилов Ханпаша кхелхина. Иза д1авоьллина Волгоградан областан Кумылжен к1оштан Букановская йуьртан йуккъерчу майданахь.
Турпалхочун ц1е Мамаевн Курганехь х1оттийначу х1олламан цхьана иэкъана т1ехь йазйина йу. Толаман дийнахь, к1орггера ларам хиларан билгало санна, Волгоградан бахархоша керла зезагаш дуьту х1олламна уллехь.
Нурадилов Ханпашах лаьцна иллеш кхоьллина, стихаш а, книгаш а йазйина, Махачкалахь цхьана урамна цуьнан ц1е тиллина 1943-чу шарахь дуьйна, ткъа Хасавюртан к1оштахь — Нурадиловн йуьртана, Хасавюртан г1алахь урам ду, Соьлжа-г1алахь цуьнан ц1арах йу Драматически театр. Ханпашин фронтан накъосташа иллеш олура цунах лаьцна.
Сийлахь-боккха Даймехкан т1еман дакъалацархо, СССР-н Турпалхо Бейбулатов Ирбайхан
вина 1912-чу шарахь Османюрт йуьртахь. Ишкола чекхъйаьккхинчул т1аьхьа Соьлжа-Г1алин хьехархойн училище деша х1оьттира Ирбайхан. Цул т1аьхьа, хьехархочун диплом а йолуш, Даймахка ц1а а веана, дукха хан йалале меттигерчу ишколина куьйгалла дира цо.
1941-чу шарахь Ц1ечу Эскаре д1акхийтира.
1942-чу шарахь чекхъйаьккхира Дагестанехь г1ашлойн школа.
1943-г1а шо долалуш Ирбайхан пулеметчикийн взводан командир вара.
1943 шеран эсаран баттахь онда т1емаш хилира Запорожски областан къилбаседехьа йолчу Мелитополь г1алахь. Немцоша луьра къийсам латтийра г1алина дуьхьал, йухабовла ца лууш.
Ц1ечу Эскаран керла ницкъаш чубаьхкира г1алин чу. Ткъа царна йукъахь йара Бейбулатов Ирбайханан батальон а.
Эсаран 23-г1а де т1екхачале немцойн карара мукъадаьккхира г1алин коьрта дакъа. Ткъа шолг1ачу дийнахь Къилбаседа фронтан 51-чу эскаран 690-чу стрелкови полкан командир волчу майора Бродскийс дехар дира Бейбулатовна совг1ат далар доьхуш:
«…Мелитополехь хиллачу т1емашкахь цо гайтира дика вовшахтохараллин говзалла, урамашкахь т1еман халачу хьелашкахь батальонан куьйгалхо а волуш. Цо вовшахтоьхна штурман тобанаш, диъ дийнахь бинчу т1амехь йерриг г1алин йуккъера декъера мостаг1 араваьккхира, б1е сов мостаг1чун герз диттира, танкийн а, фашистийн г1ашлойн эскаран а 19 контратака йухайаьккхира, 7 танк а, 1000 сов фашист а х1аллаквеш. Т1еман уггаре а кхерамечу меттигашкахь шен доьналла а, майралла а гайтира цо – шен куьйга х1аллакйира танк а, 18 немцо а вийра.
Цунна хьакъ ду 1едалан совг1ат — Ленинан орден, Советан пачхьалкхан Турпалхо ц1е а луш».
Бейбулатовна Турпалхочун ц1е йаларан сацам т1еийцира сиха — цхьа к1ира а ца кхоччуш. Амма цуьнан валар нисделира Мелитополь мукъайаьккхина кхо де даьлча — эсаран беттан 26-чу дийнахь, Ц1ен Эскаро д1ахьош болчу т1елетаран т1емашкахь велира Бейбулатов Ирбайхан…
Турпалхочун ц1е лелош йу Османюьртан йуккъера ишкола а, Соьлжа-г1алин а, Махачкалан а, Мелитополан а урамаш а, Хасавюьртан к1оштан Адильотар йуьртахь а ду Бейбулатовн ц1арах урам.
Ткъа Мелитополан номер 5 йолчу гимназехь 2007-чу шарахь схьайиллина цуьнан ц1арах музей.
Кечйинарг — БИБУЛАТОВА Iайнаъ