Бека хьо даима!

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойбуш, 1алашбахь,
Цу халкъан парг1ато
Цхьаммо а хьошур яц.

Мамакаев Мохьмад

 

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указаца д1акхайкхина оханан беттан 25-г1а де — нохчийн меттан де ду аьлла. Х1инца 18-тта шо ду и де Нохчийчохь хилла ца 1аш, дуккха а кхечу меттигашкахь а даздеш долу.
И терахь тайп-тайпана мероприятеш д1айахьарца шуьйра билгалдоккху Дег1астанахь а.
Школашкахь а, вузашкахь а 1амабо нохчийн мотт, ненан маттахь арахоьцу газеташ, журналаш, эфирехь передачаш йоху, и де билгалдоккхуш тайп-тайпана мероприятеш д1ахьо. Йукъаралла кхиорехь а, т1аьхьенийн культурин а, оьздангаллин а хаддаза хилар лардарехь а йоккха мехалла йу цуьнан. Маттаца доьзна ду а халкъ, цуьнан дерриге дахар, истори, г1иллакхаш, ламасташ.
Нохчийн халкъан мотт, культура, истори 1алашъйар уггаре а коьртаниг ду. Вайн декхар ду ненан меттан доладар а, иза 1алашбар а, иза халкъалахь баржор а.
Мотт д1абаларца вайна кхерам бу вайн дайша, дедайша дозалла деш хилла культурин мехаллаш (ламасташ, г1иллакхаш, халкъан барта кхолларалла) д1айала.
Советски а, нохчийн а йаздархочо, поэта, нохчийн литературин классико Айдамиров Абузара аьлла: «Ненан мотт халкъан орамаш ду. Мотт д1абаьлча, халкъ а д1адолу. Шен халкъ, шен даймохк безаш волчу х1ора нохчочунна шен мотт шера хаа беза».
Нохчийн мотт хаза а, башха а бу. Цунах воккхавеш ца 1а йиш йац, х1унда аьлча цуьнан г1оьнца д1акхачо йиш йу гонахарчу дуьненан йерриге а хазалла, иштта адаман чоьхьара дуьне а. Ненан мотт — иза вай дуьненчу девллачу хенахь дуьйна вайна гергара дешнаш ду, иза халкъан историн цхьа дакъа ду. Цундела вайн ненан мотт хаа а, беза а, лара а беза.
Уггаре а коьртаниг — нохчийн мотт ларбар а, иза д1а ца битар а ду, цхьадолчу кхечу меттанашца хуьлуш ма-хиллара. Цо д1акхоьхьу халкъан а, ша буьйцучу к1оштан а культура а, г1иллакхаш а.
Шен маттах дозалла дан дезаш ву х1ора ша-шех ларам болу стаг. Шен ненан мотт лоруш волчо ша а лору, адамийн сий а до. Т1ейог1учу т1аьхьенан декхар ду нохчийн мотт 1алашбар, иза д1а ца балийтар а; мотт д1абалахь, т1аккха дерриге а къам кестта д1адер ду.
Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори йу, иза цуьнан хиндерг а ду. Матто лардо халкъан васт, цуьнан амалш, г1иллакхаш, ламасташ.
Цундела вайн декхар ду т1екхуьучу т1аьхьенашкахь ненан матте безам кхиор, и царна 1амор. Шен Даймахке ц1ена, даггара безам хуьлийла дац, шен матте безам ца хилча. Вайн историх, къоман башхаллех, г1иллакхех, культурех д1акъасто йиш йоцу дакъа ду и.
Нохчийн мотт кхиош, оцу маттахь произведенш йазъеш, халкъан кхолларалла д1айазъеш, къахьегна нохчийн дуьххьарлерчу йаздархоша: Нажаев Ахьмада, Сальмурзаев Мохьмада, Дудаев 1абдис, Айсханов Шамсуддис, Бадуев Са1ида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев 1арбис…
Цара д1адолийна г1уллакх сийлаллица кхид1а а д1адаьхьира г1арабевллачу йаздархоша Сулейманов Ахьмада, Айдамиров Абузара, Арсанукаев Шайхис, Окуев Шимас, Дикаев Мохьмада, кхиболчара.
Нохчашна шайн историн йохаллехь дуккха а хала киртигаш т1ейаьхкина. Царах уггар ирчачех цхьаъ йара – дерриге халкъ махках даккхар. Оцу къизачу 13 шарахь нохчийн халкъ халонашка, баланашка, лазамашка ца дитийтинарг – ненан мотт бара. Вовшашка долу кехат нохчийн маттахь бен йаздеш дацара, цуьнца цхьаьна лардеш дара вайн дайша лелийна 1адаташ, г1иллакхаш.
Ала деза, нохчийн мотт 1амор, и хьехар вайн ишколашкахь йукъадалийна 60-чу шерашкахь дуьйна. Цундела тахана и мехала г1уллакх дика вовшахтоьхна д1ахьо нохчий бехачу йарташкахь а, Хасавюрт г1алахь а.
Оха даггара декъалбо тхан газетадешархой а, хьехархой а, дешархой а дезчу денца!
Массарна а машар а, аьтто а хуьлийла! Беза, 1амабе, ларбе ненан мотт!

Хатуев Iабдулхьамид

 

Нохчийн мотт

Вай атта дахар
Деле ца дехна,
Харцонах уьдуш
Гечо ца лехна,
Ворх1 ломал дехьара
Ирс эшна дац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Даймахках лаьцна
Вай илли олу.
Вайнехан ийман
Цунах схьадолу.
Дайн иллеш ца декахь,
И Даймохк бац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Воккханиг хасто,
Жиманиг нисван,
Бакъ луьйриг къасто,
Г1алаташ гечдан,
Къонахчун дош лардан
Ма атта дац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Вайн дахар хаздо,
Вайн ойла язйо
Бекачохь оьзда
Нохчичун мотт!
Хиндолчух тешош,
Г1иллакхаш дебош,
Бека хьо даим,
Сан ненан мотт!

 

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля