Делера доккха совгIат…

 

Хууш ма-хиллара, вайна т1екхаьчна беттанашна йукъахь сийлахь болу Рамадан бутт. Дийцина ца-валлал дукха ду кхуьнах лаьцна дийца. Х1окху баттаца доьзна, Дала т1е дехкина цхьацца декхарш ду вайна. Цул совнаха, кхочушдича дика ду аьлла билгалдаьккхинарг а ду.
Йалсаманен наь1арш д1айиллина вайна. Делера доккха совг1ат ду иза. Кхин коьрта х1ун хир ду бусалбанашна, жоьжахатин наь1арш д1а а ч1аьг1на, ц1еран баланах вай хьалха дохуш хилча?
Бакъду, иза иштта хилийта вай а къахьега деза. Дийнахь марханаш кхобуш, буьйсанна таравихь ламазаш деш, Къуръан доьшуш, аьттоне хьаьжжина, саг1анаш дохуш, иштта, Дела реза волу 1амалаш йан йеза.
Делера салават а, салам а хуьлда цунна, Мухьаммада Пайхамара шен хьехамашкахь дуккха дозаллаш дийцина Мархин беттан – 1уьйкъана х1ума кхаллар, марха сихха дастар, марха кхобуш волчуьнга марха дастийтар, до1анаш дарехь сов валар, марха достуш хурма кхаллар, шен чохь йина 1амал эзар баттахь йинчулла а дика йолу Лайлатуль къодр буьйса ларйар, т1аьххьара итт де дерриге 1ибадат деш д1адахьар, иштта кхин д1а а.
Бакъдолуш, Далла 1ибадат дан уггаре беркате хан йу х1ара. Х1унда аьлча, къематдийнахь ша кхаьбначунна шапа1ат дийр долуш ду марха. Дуьненах 1ехавеллачунна динчу верза аьтто бу х1ара бутт, х1унда аьлча, иблис а, цуьнан эскар а буржалш тоьхна д1адихкина Дала. Дечу г1уллакхаца, олучу дашца, шегара диканиг долуьйтуш, шен тароне хьаьжжина саг1а луш, Аллах1 дуккха хьехавеш, суннат 1амалш йеш алсам вала хьажа веза х1ора а.
Дала декъалдойла вай дерриге! Дала вайна беркате хуьлитийла х1ара мархийн бутт! Галаваьлла лелаш верг, кхуьнах бахьана а хилла, нийса некъа т1е воккхийла Дала!
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля