Дала йийр йу нийсо…

 

Нохчийн а, г1алг1айн а къаьмнийн исторехь уггаре а бохамечу терахьех цхьаъ т1екхочуш ду кеста — чиллан беттан 23-г1а де. Оцу дийнахь 1944-чу шарахь вайн къаьмнаш Даймахках арадаьхна генарчу Казахстане а, Г1ирг1азойчу а. Хийрачу махкахь деха кхойтта шо даьккхина вайн дайша а, дедайша а. Дуккха а дийцина, йаз а дина вайн халкъо бехачу новкъахь лан дезначух лаьцна.
Мацалла, шело бахьанехь х1аллакьхилла иттаннаш эзарнаш адамаш: баккхийнаш, бераш, зударий. Х1унда аьлча, т1амт1е бахана, т1ехь да воцуш хилла дуккха доьзалш. Ишттачарна алсам а гина и халонаш. Къаьсттина а дукха адамаш д1акхелхира вайнах махках баьхначу хьалхарчу шарахь.
Ма доккха терахь ду иза — 200 эзар сов стаг… Хийрачу мехкашкахь висина…
Вайн къоман боккха тешнабехк бира советан куьйгалло, коьртехь Сталин а волуш, дуккха а къаьмнаш х1аллакхдина волу. Суна ца лаьа цуьнан политикех лаьцна дийца.
Дукха хан йу низамаш, указаш т1еэцна, репрессеш йинчу къаьмнийн нийсо меттах1отторхьама. Амма цхьацца бахьанашца и дерриге а кехаташ т1ехь дуьсу, кхин гена ца долуш.
Цул сов, цхьаболу вайн «бусалба» вежарша вай арадахар а, шаьш лаьмнашкара вайн латтанаш т1е дерзош хилла долу «дерриге а 1азапаш» а терзан цхьана аг1ор д1ах1итто буьйлабелла. Цул йоккха харцо суна цкъа а ца гина.
Вай ц1адирзина хиларна шаьш реза цахилар а, вайга болу цабезам а гойту цара. Вай-м цаьрга х1умма ца доьху, вайгара схьадаьккхинарг бен. Шаьш лайна бала вайчуьнца бустуш, иза инзаре боккха хета царна. 81-тта шарахь шайн йоцу керташкахь, шек д1а а боцуш, 1едало бечу аьттонех ца 1ебаш, хан токкхуш бу вай «бусалба» вежарий. Церан 1ибадат мича кхочур ду-те?
Вайн х1усамашкахь охьахоьвшина, цара лелош долу массо а тайпа х1илланаш го вайна. Дукха хьалха дуьйна «Новостройхь» шайна ц1енош дайтина оцу наха. Шаьш арадаьлла х1усамашка шайн гергарнаш д1айазбо цара, вайн уьш йуха ца йерзийтархьама. «Новостройхь» шортта ц1енош ду царна дина, ткъа нохчашна йухадерзинарш вуно к1езиг ду.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1емашкахь дакъалаьцна вайн дуккха к1ентий бу. Цара къийсам латтийра шен Даймохк дуьхьа, шен дай баьхначу лаьттан дуьхьа, шен х1усам дуьхьа.
Вайн латтанаш т1ехь 1аш болу нахана хета хир ду: «Махках мел баьхнаш кеста берриге белла д1абер бу, ткъа церан кегийрхошна шайн дайн ц1енош ца оьшу».
Амма уьш бакъ бац. Царна ца хаьа дай баьхна латтанашца а, керташца а вайн гуттаренна уьйр а, безам а хир буйла.
Вайна лаахь а, ца лаахь а, зама хийцалуш йу. Дерриге а д1а а дийцича, вайна дог1ург йухадерзо де т1екхочур ду, Дала мукъалахь. Ткъа вайн бlаьргаш чу муха хьовсур бу-те уьш, оццул вайн дай-дедай шайн махкахь хьегийна болу?
Х1аъ, вай собаре ду. 81 шо ду вай нийсо меттах1отторе сатуьйсуш долу. Цкъачунна куьйгалло п1елг п1елгах а ца тоьхна и уггаре боккха бала вайна гира д1абаккхарехь. Ткъа дуьне-м хьийзаш ду, гуттаренна а хир дац цхьатерра хьал: бакъо толаза йуьсур йац. Шеко йац цуьнан. Дала йийр йу нийсо…

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля