Х1окху сохьташкахь Меликов Сергейс д1ахьош йу «Прямой лини». Таханлерчу дийнахь цуьнга кхаьчна диъ эзар сов бахархойн хаттарш а, дехарш а, Дагестанан йукъараллин-экономикан а, политикан а дахаран массо а дакъош д1алоцуш долу. Оцу хаттарша гойту вайн бахархойн шуьйра кхачамбацарш а, баланаш а.
Вай ма дийццира, коьрта хаттарш хьакхалуш дара х1усамийн-коммунальни бахаман кхачамбацаршех, и.д1.кх.а. энергетикан а, газан а, молу хин а декъехь, и.дӀ.кх.а.
Республикерчу электросистемехь болчу баланех лаьцна хеттаршна жоьпаш луш, цо билгалдаьккхира, электромашанаш ч1ог1а телхина хилар. Царна модернизаци а йан йеза, элира Меликовс.
Цо дийцарехь, долахо воцуш йина дуккха объекташ а йу. Уьш хьакъйолчу сетийн балансе д1асайаржо йеза, уьш латторна а, лелорна а аьтто хилийтархьама.
Республикин энергетикан декъехь болх беш бу жим-жима. Масала, йерриг а республикехь пхийтта коьрта трансформатор х1оттийна, кхин а шовзткъех х1отто лерина а йу.
Амма, куьйгалхочо билгал ма-даккхара, «вай массо а кхета деза, вайн республикехь и кхачамбацарш иттанаш шерашкахь гулбелла, цундела, халахеташ делахь а, сихачу жам1ашка сатийса йиш йац, амма вай дерриг а дийр ду уьш сиха д1абаха, вай ницкъ ма-кхоччу».
Ламаст хилла д1ах1оьттина республикан куьйгалхочо бахархошца з1е д1айахьар. Республикин Ӏедалан а, бахархойн а г1о до оцу ламасто вайн таханлера проблемаш а, хьашташ а билгалдаха а, республика кхиорехь коьрта хаттарш дийцаре дан а, кхана дан дезачунна аг1онаш билгалъйаха а.
Масала, хьалха хилла «Прямой линиш» а, царна т1ехь дагестанхоша жигара дакъалацар а бахьана долуш, дуккха а х1ума дина регионехь. Оцу з1ено бахархойн таро ло шайн хетарг куьйгалле д1акхачо.
Меликов Сергейс д1ахьедина, иштта цхьаьнакхетар вовшахтохаран а, д1айахьаран а амал «бахархошкара хетарг схьаэцаран эвсара некъ бу», аьлла.
Кхин а к1орггера таллам бан безаш болу бахархойн кхайкхамаш хьакъйолчу министраллашка а, ведомствошка а д1ахьажор бу, к1орггера таллам бан а, цул т1аьхьа сацам бан а, аьлла, хета.
Шеко йоццуш, кху шарахь а, хьалха санна, дерриге а хаттарш, дехарш вайн республикин куьйгалхочун шен тергоне д1аоьцур ду.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ