Лахьанан беттан 29-чу дийнахь республикин куьйгалхочо Меликов Сергейс рог1ера «Прямой лини» д1ахьур йу. Цуьнан гурашкахь республикерчу бахархойн аьтто хир бу шайна товш долу хаттарш дала а, таханлера шайн баланаш а, кхачамбацарш а бийцаре бан а.
Меликов Сергейс билгал ма даккхара, хьалхалера и тайпа хиламаш бахархоша жигара дакъалацар а бахьана долуш, цхьа могг1а мехала хаттарш д1адерзо аьтто белира.
Дагестанан куьйгалхочо билгалдаьккхира, ша республикерчу бахархойн хаттаршна жоп дала кийча хилар. Социалан а, х1усамийн-коммунальни а сферашкахь бахаман теманаш хир йу аьлла, ткъа иштта лерринчу т1еман операцехь дакъалоцучарна г1ортор йийр йу аьлла тешна хилар хаийтира.
Дагестанан бахархойн шайн кхайкхамаш д1абахьийта йиш ю:
— 8-8722-98-90-81 номерца з1е тохарца;
— «Дагестанан Республикин Куьйгалхочуьнга хаттар» (https://voprosglaverd.ru/) порталехула йозанан кепехь а, иштта аудио-видео форматехь а;
— ВКонтакте социалан машанехь республикин Куьйгалхочун официалан аг1он т1ехь.
«Прямой лини» гойтур йу коьртачу телеканалашкахь, Телеграм-каналашкахь, радиостанцешкахь: РГВК «Дагестан», ГТРК «Дагестан», ННТ, Дагестанан Республикин Куьйгалхочун Телеграм-каналаш а, «Дагестан» РГВК а «, Х1инжа-Г1алара «Лаьмнийн мохк», «Радио Росси» радиостанцеш, «Прибой» радио, «Ватан» радио, «Столица» радио.
Республикерчу бахархойн аьтто бу шайна бег1ийлачу форматехь д1ахьочу эфирна т1аьхьакхиа.
Меликов Сергейс кхайкхам бира Дагестанан бахархошка жигара дакъалаца а, хаттарш дала а, республика кхин а дика хилийта г1о дийр долу предложенеш йан а.
Дагестанан куьйгалхочунна Меликов Сергейна а, халкъана а юкъахь «Прямой лини» д1айахьар дика ламаст хилла д1ах1оьттина бахархойн шайн баланаш а, кхачамбацарш а бийца а, вайн социальни, культурин, политикан, экономикин 1алашонца хьалха лаьтташ долу хаттарш дала а.
Меликов Сергейс хаийтира, бахархойн даккхий а, кегий а г1уллакхаш д1анисдан республикин 1едал кийча хилар.
«Прямой лини» — уггаре а дика формат йу кхачамбацарш къастийна ца 1аш, уьш шен хеннахь д1адахарехь.
Иштта республикин куьйгалхочо т1етуьйхира, х1ора муниципалитеташка воьдуш ша нахаца цхьаьнакхета г1ерта, аьлла. Амма массаьрца а къамел дан аьтто бац. Цундела, х1ара «прямой линин» ламаст суна ч1ог1а мехала хета», — билгалдаьккхира Меликовс.
БИБУЛАТОВА 1айнаъ