ЗаьIапхошна лерина кхеташо

Мероприяти д1айолош, регионан куьйгалхочо баркаллина дош элира йукъараллин организацан декъашхошна а, куьйгалхошна а заь1апхошца леррина белхаш барна.

«Вайна массарна а хаа деза, заь1апхой вайца цхьана, цхьа а къестамаш а боцуш, баха безаш буй. Церан йукъахь а бу дуккха а 1илманчаш а, спортхой а, хьехархой а, ма-дарра аьлча, оьшуш болу нах. Уьш вайн халкъийн хазна йу.
Массо аг1ора, бохург санна, къинхьегамхой бу церан йукъахь. Шуна, цаьрца белхаш беш болчаьрна, к1орггера девза церан дахар а, цара хьоьгуш йолу халонаш а», — элира Меликов Сергейс.
Цул т1аьхьа, регионан куьйгалхочо дийцаре дира, СВО-хь дакъалоцуш могашаллина зиэ хиллачаьрна т1е тидам бахийтар.
«СВО йолайелчахьана вайн Кхеташонан болх керлачу т1ег1ане баьлла. Вай 1алашдеш галъйаьлла церан могашалла. Бакъду, вайн доьхьа къахьоьгуш мидалш йаьхна волу стаг, муьлхха а меже йоцуш иза велахь а, цуьнах заь1апхо ала ца ло. Х1унда аьлча, вай могуш ду цара къахьегар бахьана долуш. Цара майралла гойту. Шайна Даймохк безар а гойту. Амма, халахеташ делахь а, берриге а цхьатерра могаш ца лаьтта. Цундела, церан г1уллакхе хьажар вайн декхар ду.
Тахана вайн республикехь вехаш кхо б1е эзар гергга заь1апхо ву, шайна йукъахь шовзткъе эзар бер а долуш. Уьш берриге регионан дахарехь дакъалоцуш хила беза. Лоьрийн дарба эцар а хила деза церан аттачу хьолехь. Иштта, 1едалан туьшашкахь царна тергам бан беза. Г1аланашкахь а, йарташкахь а, йукъараллин майданашкахь а царна аьттонаш бан беза. Х1ора денна, бохург санна, халонаш хуьлу, вайн болх ледар хиларна, дукха хьолахь, йукъараллин транспорта т1ехь а, социйлашкахь а, урамашкахь а, иштта тайп-тайпана орагнизацешкахь а.
Суна билггала хаьа, цхьана дийнахь йа цхьана сохьтехь дерриге нисдан лур дац. Делахь, х1ора денна оцу г1уллакх т1ехь жигара белхаш д1абахьа безаш бу вай», — элира Меликовс.
Шен къамелехь цо хастийра Х1енж-г1алахь кхоьллина йолу «Общение без барьера» йукъараллин организаци.
«Ахчанца дукха харж йан а ца йезаш, амма бахархошна дуккха а пайде йу иза. Меттигера 1едал заь1апхошна г1уллакх дарехь жигара дакъалоцуш хиларна тешам бу иза. Лаьара, йисинчу а муниципалитетийн куьйгалхоша иштта белхаш д1абахьийла», — т1еч1аг1дира регионан куьйгалхочо.

ЗаьIапхошна гIо дарах лаьцна

Хьалхуо Меликов Сергейс заь1апхошна г1о дан деза, аьлла, декхарш т1едехкина дара профильни ведомствошна. Къинхьегаман министран ханна декхарш кхочушдеш волу Кихасуров Магомедзагида оцу хьокъехь шаьш бечу балхах лаьцна дийцира.
«Транспортни организацийн куьйгалхошца барта беш болх бу, йукъараллин транспортана т1ехь заь1апхошна лерина аьтто бан безаш хилар. Кхойтта автостанцина талам бина. Церан куьйгалхошна цхьамогг1а декхарш т1едехкина.
Спортехула болу заь1апхошна беш болу аьттонаш а, царна луш долу ахча а дац ледара. Тахана и г1о ткъа спортхочунна кхаьчна.
Социйлашках бу беш цхьамогг1а белхаш. Х1енж-г1алахь пхиъ кечйина. Ткъа Хасавюртахь — кхоъ. Йог1учу ханна царна т1ехь дуккха болх бу бан лерина, т1еоьшург т1е а тухуш, церан терахь лакхадаккха», — довзийтира Кихасуров Магомедзагида.

Транспортни
инфраструктура

Оцу хьокъехь бечу балхах лаьцна довзийтира транспортан министр волчу Салавов Джамбулата.
«Б1аьрса ледара долучарна хазаран сигнал луш 84 светофор а, 37 машен д1ах1отто леррина меттиг а, г1ашлой некъахула дехьа-сехьа бовлучохь 268 бордюрни т1улгахь охьабохуьйтуш тротуараш а кечбина х1ара шо доладелчахьана.
Х1енж-г1алахь заь1апхошна лерина 47 автобус йу арахецна. Кхин а 61 эца кечамаш а бу бина. Цул совнаха, леррина тобано талам бина автостанцешкахула а, вокзалехь а. Цигахь могашалла дика йоцучаьрна аьттонаш бан беза аьлла билгалдина вайн накъосташа.
Баханчу баттахь Х1енж-Г1ала – Дербент-г1ала маршрутехь керла ц1ерпошт арахецна, заь1апхойн берриге а лаамаш кхочушбан аьттонаш а болуш. Иштта белхаш кхин д1а а бан лерина вайн», — элира транспортан министра.
Цхьаьнакхетар д1адерзош, Меликов Сергейс т1еч1аг1дира, заь1апхошна аьтто беш бан лерина болу белхаш жигара баха, аьлла.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля