Дуьненаюкъара акхаройн де х1ора шарахь дерриг а дуьнент1ехь даздо эсаран 4-чу дийнахь.
Вайн дуьненахь дуккха а тамашийна х1уманаш ду. Царех цхьаъ ду акхаройн «пачхьалкх». Дукхахболчу нахана моьтту, дуьненахь дуккха а акхарой ю. Амма бакъду, церан терахь хаддаза лахлуш йу, дуккха а тайпанаш д1адовларан кхерам хила а тарло.
Адамийн коьрта 1алашо ю церан 1ер-дахаран меттигаш ларъйар. Цул сов, акхарой ларъйаран 1алашо ю церан мехала хиларх лаьцна кхетам кхиор.
Адамаш шаьш ч1аг1дина, сихдина дуккха а акхаройн тайпанаш д1адовлар. Цундела х1инца 1едалан бюрош ю тайп-тайпана акхарой ларъйаран меттигаш кхолла г1о деш.
Стенна оьшу лаьтта т1ера акхарой ларъйан? Адамашна дукха хенахь дуьйна боккха пайда беш йу акхарой. Дуккха а молханаш кечдина акхароша луш йолу химин х1уманех. Цу молханех пайдаоьцу тайп-тайпанчу цамгаршна дарба деш. Масала, дог лазарна, массо а тайпана сингаттамна, кхин а дуккха а. Ма-дарра аьлча, статистикана т1е а тевжаш, шарахь д1асадоькъучу молханийн рецепташна юкъахь 25% сов дийнатийн химин х1уманаш ю. Адамна коьрта кхачанан сурсаташ схьаоьцу акхаройх.
Халахеташ делахь а, адамийн бахьанна долуш дуккха а акхарой д1аяйна. Церан тайпанийн 1аламан меттигаш ларйича, вай хьал долуш до вайн дуьне.
Тахана лаьттан акхарой 1алашъйаран программаш ю, царна шайн 1аламан меттигашкахь парг1ат лела бакъо луш. Цара аьтто бо акхаройн тайпанаш лардар мехала хиларх лаьцна кхетам ч1аг1бан.
Нагахь санна вайн дуьне ирсе хилийта лаахь, т1ейог1у т1аьхьенашна 1аламан тамашийначу совг1атех кхид1а а самукъа долуш хилийта лаахь, ларъйан еза акхарой. Х1ора стаг кхета веза, вай 1аламах д1акъаста йиш цахиларх, цунна зен дарца, вай, уггар хьалха, вайна зен деш хиларх.
Со к1орггера тешна йу, дийнаташна къаьсттина дола дан дезаш хиларх, цара вайн дахарехь мах хадо йиш йоцуш дакъа лоцу дела.
Уггар хьалха, акхарой 1аламан а, вайн дуьненахь дахар латточу экосистеман а дакъа ду. Цара г1о до 1аламехь нийсо латто.
Цхьацца долу акхаройн тайпанаш д1адовларо адамаллина вон т1аьхьалонаш йохьур бу. Уьш тешаме накъостий йу. Ж1аьлеш а, цицигаш а санна долчу ц1ахь кхобучу дийнаташа вайн дахар хаза а, ирсе а дина ца 1аш, адамашна дарбанан 1аткъам а бо. Талламаша гойту, акхарошца хан йаккхаро г1о до сингаттам лахбаран а, синхаам тобаран а, тайп-тайпана цамгарш хиларна кхерам лахбаран а.
Акхарой ларъйаро вай адамалла а, синкхетам а совдоккху.
Кхетам баржор а, акхарой ларъйарехь а, церан доладарехь а г1уллакхаш дар – иза дуьненна а, т1ейог1учу т1аьхьенашна а хьалха долчу вайн жоьпаллин д1акъаста йиш йоцу дакъа ду. Акхарой ларъйарца вай лардо вай дехаш долу дуьне.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ