1999-чу шеран хьаьттан баттахь Дагестане баьхкира кхайкхина боцу хьеший – дуьненанйукъара террористаш. Церан зулам духатухуш д1акхалхкар нисделира Россин эскаран кхо б1е сов т1емлойн.
Кху беттан 14-чохь Новолакски (1овхойн) к1оштахь билгалдира террористашна дуьхьалло йина 25 шо кхачар. Цуьнан гурашкахь д1айаьхьира цхьамогг1а мероприятеш. Тухчар (Билт-эвл) йуьртахь 1999-чу шарахь чубог1учу террористашна дуьхьалло йеш эгначаьрна х1оттийна х1олламе зезагаш дехкира Меликов Сергейс. Цуьнца цхьаьна кхуза баьхкинера ополченин а, СВО-н а декъашхой а, «Движения первых» а, «Юнармейцы» а организацийн векалаш а. Оцу хенахь, террористийн зуламах Дагестан 1алашйеш д1акхелхина МВД-н чоьхьарачу эскаран 22-чу бригадин йукъара т1емлой –Полагаев Алексей, Ташкин Василий, Паранин Алексей, Кауфман Владимир, Липатов Алексей, Эрднеев Борис.
Цигара ваьлча, Новочуртах (Алтмарз-юрт) йуьртара лоьмар шиъ йолучу ишколехь Россин Турпалхочун Козин Алексейн х1олламна зезагаш дехкира Республикин Куьйгалхочо. 25 шо хьалха, оперативни назначенин 100-г1а дивизин танкови взводан командир шен накъосташца цхьана дуьхьалвелира к1оштана чубог1учу зуламхошна. Ницкъаш цхьатерра цахилар бахьна долуш, бухабовла дийзира церан. Шен накъостий кхерамза меттиге д1а а хьажийна, уьш к1елхьара бохуш, террористийн дерриге а т1елатар шена т1елецира цо. Цигахь цуьнан д1акхалхар нисделира.
Кхин д1а, ши б1е сов дитт д1адийна долучу иэсан бешахь хилира регионан куьйгалхо. Кхузахь, иэсан иэкъана т1ехь д1айазйина, Даймохк 1алашбеш шайн синош д1аделлачу Леррина т1еман операцин декъашхойн ц1араш.
Террористашна дуьхьалло йинчу исторехь коьрта дакъа кхочучу «телевышка» олучу меттиге а кхечира Меликов Сергей. Х1ордан лохаллица йуьстича, ворх1 б1е сов метр лекхахь йу иза. Шина-кхаа дийнахь т1емаш хилира и йоккхуш. Т1еман стратегица,ч1ог1а пайде меттиг йу иза. Х1унда аьлча, цигара д1а гуш ду дерриге а бохург санна некъаш. Т1елеттачу террористашна дуьхьалло йеш бара милицин пхиъ белхахо а, чоьхьарчу эскарийн цхьаъ пулеметчик а. Цигахь д1акхелхинчу шина милцочунна Турпалхойн ц1араш йелла.
Товбецан итталг1ачохь Армавирски «Вятич» леррина тоба йахара «Телевышка» парг1ат йаккха. Амма, дуьхьалло йеш берш дукха хиларна, 34 шен декъашхой д1а кхелхаш, бухабуьйлира уьш. Бакъду, товбецан 14-чохь федеральни нуьцкъаллин структураш к1оштана чу йаьхкира, зуламхой ара а бевлира. Церан иэсана, Меликов Сергейс зезагаш дехкира х1олламна улле.
Кхин д1а мероприяти д1айаьхьира администрацин хьалха. Кхузахь регионан куьйгалхочо элира: «Йисиначеран йукъахь х1ара к1ошт леррина меттиг лаьцна 1аш йу, х1унда аьлча, ткъе пхи шо хьалха кхузара д1адоладелла террористаш атар а, Россин суверенитет ларйар а. Лаккхара главнокомандующин т1едахкарш кхочушдеш, уггар а халачу деношкахь дуьненайукъара террористашна дуьхьалло йина ополченин декъашхоша. Тахана а, Россин малхбузе дозанаш лардеш, вайн халкъийн мехаллаш 1алашйеш, Леррина Т1еман операцехь дакъалоцуш бу дагестанхой. Тахана цара д1ахьош дерг – х1инццалца схьа шайн дайша гайтинарг ду.
Вай дерриге а цхьа ницкъ бу. Йог1учу ханна а, иштта д1адаха деза вай. Со тешна ву, т1екхуьу чкъор а хир ду иштта турпалла шегахь йолуш. Аса даггара декъалдо шу! Лаьа, гуттар а машаре дахар хуьлийл!а», – т1еч1аг1дира Меликов Сергейс.
Цу т1ехь иэсан мероприяти чекхйелира. Баьхкинчеран аьтто хилира лаккхарчу хьешашца суьрташ даха.
БАЙМУРАДОВ Мовсар