Даймохк 1алашбеш иэгнарш дагалоцуш

Кху беттан 22-чохь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс цхьанакхетар д1адаьхьра Россин Пачхьалкхан хьашташ кхочушдеш Донбассехь беллачеран гергарчаьрца. Тезатан мероприяте баьхкина бара Дагестанера т1емлойн дай-наной.
Цхьанакхетар д1адаьхьира Х1енж-г1аларчу Доттаг1аллин Ц1ийнахь. Кхузахь Меликов Сергейс беллачийн суьрташна хьалха зезагаш дихкира. Цул т1аьхьа, гулбеллачаьрга вистхилира иза.
«Сайн а, регионан йерриге а куьйгаллин а ц1арах, кадам бо аса вайн т1емлой д1акхелхина халахетаран дакъа мел кхаьчначунна. Х1ара иэсан гулам бу. Тахан вайца хила безаш а болуш, амма, Делан кхиэл леларна, кхузахь боцучарна иэсан декхар ду д1адала дезаш. Гергарниг валаро дог 1овжадо. Цунна дан г1о а дац, маслахьатана дош алар бен. Амма, церан дагахь хилларш а, кхочушдан дисинарш а – иза дерриге а вайн декхар. Х1инца вайна т1аьхь ду уьш кхочушдар.
Т1еман леррина операцис йуха а гойту вайга, Президентан политика нийса хилар. Цигахь вай Украинан къомаца т1ом беш дац, х1етте а, цигахула чу дохьуш долу зулам духатухуш ду вай. Вайна истори а, 1адаташ а, ламасташ а деза. Ткъа цара вайн махка кхачо кечбинариг – фашизман некъ бу. И зуламе долу хьал российхошна оьшуш дац. Вайна маьрша дахар деза.
Суна йуха а дагадаита лаьа, леррина операцехь дакъалоцуш болчарна а, церан доьзалшна а кхаа кепара г1о деш ду вайн пачхьалкхехь – федеральни, региональни, муниципальни т1ег1анашкахь.
Тахана вайца цхьана кхузахь Абуталимов Темирлан а, Гаджимурадов Замир а ву. Х1окхарна дика девза, шун гергарчаьара хьегнарг, царна хилла йолу халонаш, х1унда аьлча, цара а лайна уьш. Вай дерриге а гуттаренна а, ницкъ кхоччучу барамехь, дан луччу кепара, шуна г1о деш, шуна уллохь хила хьовсар ду.
Могуш лелийла шу. Сихха машар а хуьлийла вайна массарна а», — т1еч1аг1дира С. Меликовс.
Кхуззахь, Дагестанан военни комиссар волучу Мустафаев Даитбега а, къинхьегаман минситран ханна декхарш кхочушдеш волучу Кихасуров Магомедзагида а ма-дарра дийцира, СВО-н декъашхойн ц1ерачаьрна деш долучу г1о-накъосталлех лаьцна.
Гулбеллачеран аьтто хилира Дагестанан куьйгалхочуьнга а, иштта цхьамогг1а 1едалан белхалошка а шайна дагахь дериг довзийта а, хаттарш дала а. Дукхаха долу хаттаршна меттигехь жоьпаш делира. Ткъа дисинарш дерриге а герггарчу хена чохь луьстур ду аьлла дош а делира регионан куьйгалхочо.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля