Регионехь тезет

 

Кху деношкахь Дербент-г1алахь а, Х1енж-г1алахь а хилла долу чолхе г1уллакх массарна а хезна. Цигахь белла нуьцкъаллийн структурийн итт сов белхахой. Иза дерриге, хууш ма-хиллара, лерина дара регионера йукъара хьал галдаккха.

 

Дагестанан Къоман Кхеташонан председатела Аскендеров Заура билгалдаккхарехь, дозанал арахьара вайн мостаг1аша кечйина акции хилла иза.
«Царна луург – вайн машаре дахар х1аллакдар ду. Республикера дерриге а халкъаш цхьана къахьоьгуш ду вайн т1ахье сирла хилийта. Массо а г1аланашкара а, к1ошташкара а божарий бу Пачхьалкхан Малхбузенехь дозанаш лардеш, эпсарийн а, инарлийн а омраш кхочушдеш, турпалалла гойтуш. Цара ларйийриг вайн т1аьхье йу. Цундела, массо а вахархочунна хаьа, вайна йукъара машар бохор – иза хила йиш йоцург дуй. Берриге а депутаташ а бу иштта ойла йолуш.
Сан кхайкхам бу вайн бахархошка, къаьсттина кегирхошка – пит1анна йукъдовла мегар дац. Официальни хаамин г1ирсашкахь долу керланаш бен бакъ дац. Дехье-сехье дуьйцуш долучух а ца тешаш, ма-дарра долучуьнга ладог1а деза.
Массо а депутатийн ц1арах аса кадам бо беллачийн доьзалшна а, иштта, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а», — элира цо.
Оршот, шинара, кхара денош «махкан тезет» ду аьлла ч1аг1дина Меликов Сергейс шен указаца. Билгалдаьхначу деношкахь охьахкийна Пачхьалкхан Байракхаш. Иштта, Оьздаллин а, теле- радиокомпанийн а туьшашкахь самукъане программаш а д1айаьхна.
Хьоме газетдешархой, х1окху темана лерина информаци шуьйра йовза шун таро хир йу газетан рог1ера лоьмарехь.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля