Кхузахь дийцаре дира бахархойн хьашташка 1едалан белхалой хьожуш хилар а, къоман проекташ кхочушйар а, йуьртабахаман лерина белхаш д1адахьар а, иштта, Дагестанан оьшуш долу кхин долу белхаш а.
Цхьанакхетар д1адолийра республикан куьйгалхочо Меликов Сергейс вайн махка бусулбанийн пачхьалкхийн векалш бахкаран жам1аш довзитйарца. Дагадоуьйту, мархийн бутт чекхбала герга бахча, вай долчохь хьошалг1ахь хилира Иранан а, Бангладешан а, Казахстанан а, Х1онкаран а, Узбекистанан а, Пакистанан а, Мавританин а, Малайзин а, Иракан а векалш. Церан коьрта 1алашо, вайн регионаца йохка-эцаран некь д1абахьар йара. Амма, иза доцуриг а, церан таро хилира вайн оьздалла йовзар а, иштта, туристически некъашкахула д1а-схьа баха а. Ткъа уьш бухаберзале, С. Меликовс шегара марха достуьйтуш, суьйре д1айаьхьира.
Баьхкинчара билгалдарехь, Дагестан царна пайде хир йу туризман а, йохка-эцаран а, промышленни а аг1орашкахула.
«Ала дог1у, дукха хьолахь цара тидам т1ебахийтинарг – иза керамогранит йаран хьал дара. Малайзера а, Бангладешера а баьхкинчара лаккхара мах хадийра оцу г1уллакхна. Цул совнаха, агропромышленни комплексах а дог-б1аьрг дуьзира церан. Пакистанера баьхкинарш стоьмаш лелоран г1уллакх дукхадезаш бара. Амма, бен д1а доцуш, массарна а дукхадийзинарг – туристически аг1о йара.
Шайн хьошаллин шолг1а дакъа Дербент-г1алахь даьккхира цара. Цара довзийтира, йог1учу ханна кхуза шайн ц1ера йаккхий йохк-эцаран компаниш йог1ург хилар», – элира С. Меликовс.
Иштта, регионан куьйгалхочо Правительствон т1едиллира, кхин д1а йолучу ханна баьхкинчеран пачхьалкхашца з1е латтор а, вайна а, царна а пайда хуьлучу кепара белхаш д1адахьар а.
Бахархойн хьашташ
кхочушдар
1900 вахархочун кост дара оцу к1иранчохь 1едалан белхалошна лерина. Иза билгалдира ДР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин ханна куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волучу Омаров Махача. Цо хаам бира, косташ дерриге а кхача деззачу д1акхаьчна ду аьлла: 805 — г1аланашка а, к1ошташка а; 649 – 1едалан лаккхара белхалошка; 478 – токаца, газаца, хица а хоттаделларш. Амма, дукха хьолахь, республикера бахархойн цатам бериг – шайн хеначохь нехаш д1а ца йахьар. И бахьанехь нехаш кхуьйсу йаьшкаш т1ех оьхуш, лулахь болчарна боьха хьожа йог1уш цатам хуьлу. И г1уллакх иштта чолхечу хьоле дерзар бахьана – МБУ «Махачкала-1» операторан балха т1ехь кхачамбацарш хилар дара. Амма, йоццачу ханна, оцу г1ллакхна лерина кхин йолу ведмствошкара техника а, белхалой а арабевлира ц1ано йан. Дукха хьолахь, йукъ йихккина и г1уллакх динарш Минприродин а, Минтрансан а белхалой бара. Царна массарна а шегара доккха баркалла кхайкхийра С. Меликовс а.
Куьйгалхочо билгалдира, нехаш д1айахьаран организацин транспорт хила ма-йезза йац аьлла. «Болх бан лерина хан т1ехйаьлла машенийн. Цул совнаха, МБУ-н а, муниципалитетийн а оцу г1уллакхна лерина къахьегар лахделла. Шайн хеначохь ахча луш волу вахархо 1а везаш вац нехаш а гуш, кхаьллийн хьожа а йог1уш. Карара бутт чекх балале оцу г1уллакхна низам д1ах1оттор т1едиллира С. Меликовс. Иштта, цо довзийтира, и санна долу чолхе г1уллакх кхин хила ца дезаш хилар.
Иштта, дийцаре дира ЗАГС-ан болх кхачабоцуш хиларах лаьцна. Ма-дарра аьлча, электронни ресурсашкахула раг1 лацарах а, меттигехь хьоьжуш 1а веза. Оцунах лаьцна, шаьш реза цахилар довзийтинера бахархоша. Балхана лерина хан йолайалле, хьалххе схьа а баьхкина, кехат т1ехь раг1 йазйеш, сахьташкахь хан йайъа йезаш бара бахархой. Нахана томана, Дагестанан Минюсто ЗАГС-ан белхалойн терахь совдаьккхина. Иштта долу кхачамбацарш кхин ца хилийта, ЗАГС-ан цхьацца долу декхарш МФЦ-н т1едахка тарло гергарчу ханна. Оцу г1уллакхна ша реза хилар хаийтира Республикан Куьйгалхочо а.
Къоман проекташца
цхьана а дог1уш,
госконтракташ йазйарах лаьцна
Хьалхара вице-премьер волучу Алиев Руслана довзийтира, къоман проекташца цхьанадог1уш, йазйан лерина 1412 контракт. Ткъа царах дукха-х йерш х1инцале чекхйаха лерина йу.
«Къоман проекташ кхиоарн белхаш лаккхарчу т1ег1анехь д1ахьош бу вайн махкахь. Кху шарахь оцу г1уллакхна лерина дуккха а ахча а дара. Пачхьалкхана т1ех1оьттина чолхе хьал доллушехь, вайн таро хилира вайн бахархошна пайде йолу прокташ бюджетана йукъа йахийта. Бакъду, царах шиъ проект х1инца а ца йолийна», – элира Алиев Руслана.
Цо дийцинчунна жам1аш деш, Меликов Сергейс элира, къоман проекташ кхочушйаран хан ларо йезаш хиларах лаьцна. «Строительно-монтажни а, ремонтни а белхаш сихха чекхдаха деза, бахархоша аьхка лаккххара мах хадор боллучу кепара, и г1уллакх шеран чаккхене а ца тоьттуш. С. Стальскин ц1арах йолучу паркан шегара 360 миллион сом ахча делла вайн махкара вахархочо. Иза доккха беркат ду. Амма, наха шайна йукъахь дуьйцуш иштта ду – «ворх1 миллионана белхаш а дина,дисина ахча т1епаз дойур ду», – бохуш. Церан кхетам нийса хилийта, метттигерачу муниципалитетан аьтто бу шайн г1ала а, шайн мохк а шайна безаш буйла гайтар. И белхаш шиъ бутт хьалха дуьйна доло таро йара, б1аьсте чекхйаллаца а ца 1аш», – элира регонан Куьйгалхочо.
Йуьртабахаман лерина белхаш дарах лаьцна
Гулбеллачарна и г1уллакх довзийтира йуьртабахаман министра Аджеков Мухтарбийс. Д1айен лерина йу 233 эзар гектар йу: кормовой – 36%, буьртиган – 32%, хасстоьмаш -18%, кхин д1а а. Ткъа йерриге д1айен лерина 373 эзар гектар йу. Д1аханчу шарахь хиллачул а 4 эзар дукха йу. Дуга д1адеран меттиг 800 гектар совйаккха лерина, ткъа йерриге иза 32,2 эзар гектар хуьлу. Аренашкахь лелош 3500 трактор йу.
«Тахана деш долу белхаш йеккъа аренашкахь аьлла доцуш, бошмашкахь а ду. Кху шарахь д1айийна 720 гектар стоьмийн дитташ ду. Кхин а д1айен лерина 300 гектар а йу», – аьлла билгалдира М. Аджековс.
Йуьртабахамехь къахьоьгуш болучарна 1едалан г1о хила ма-дезза д1акхачоран г1уллакх тидаме лацар т1едиллира С. Меликовс муниципалитетийн куьйгалхошна.
Кхуззахь, Дагестанан Куьйгалхочо министран декхаршна ханна балхара д1аьваьккхира Зимин Александр. ГКУ РД «Дирекция ООПТ, охраны животного мира и водных биоресурсов» организацин белхаш талларан хан чекхйаллалца мукъа витина министр.
Цхьанакхетар д1адерзош, С. Меликовс йуха а билгалдира 1едалан балхахь болчара шайн декхарш лаккхарчу т1ег1анехь кхочушдан дезаш хилар.
БАЙМУРАДОВ Мовсар