ХIора а халкъан ша-тайпа хуьлу лелар-болар

Х1ора шарахь оханан беттан пхийтталг1ачохь дукхах йолучу пачхьалкхашкахь билгалдоккхуш ду Дуьненайукъара Оьздаллин де. Иза кхоьллина 1931-чу шарахь Советийн Союзан вахархо волучу, суьртдиллархочо Рерих Николайс д1адолорца.

Оцу хенахь дуьххьара цо тидам т1ебахийтира дуьненан йукъараллин а, адамийн а, бен д1а доцуш уьш муьлххачу а пачхьалкхехь дехаш хилчи а, аьтто хила беза кхечу халкъийн оьздалла а, 1адаташ а, ламасташ а довзар а, 1амор а дика хилар. Оцу хьокъехь цо кхоьллина тептар (пакт) а дара. Цу т1ехь, коьртачу декъана, цо йаздина хилла, оьздалло цхьанатуху тайп-тайпана нах, церан къам йа дин ца къестош.
Амма, бакъду, шуьйра даздан оцу хенахь дуьйна ца долийна и де. 2008 шарахь Аргентинан а, Мексикин а, Кубин а, иштта, Европера мосийтта пачхьалкхан а йукъараллин организациш цхьана белхаш дира и де даздаран хьоле даккха. Оцу бахьанашца, х1инца дерриге а дуьненахь бохург санна билгалдеш ду и.
Ткъа х1унда ду и де иштта лаккхарчу т1ег1анехь билгалдоккхуш? Схьахетарехь, т1екхуьу чкъор нийсачу новкъахь 1аморехь а, иэсан х1олламаш а, иштта архитектурни кхин йолу комплексаш 1алашйарехь а къахьоьгуш болучеран болх ч1ог1а оьшу вайна тахана. Х1унда аьлча, прогрессин хийцамаш а, мет-меттахь хуьлуш долу т1емаш а, 1аламан бохамаш а бахьана долуш, карарчу хенахь историн дуккха а х1олламаш а, халкъийн б1ешерашкахь схьадеана 1адаташ а, къаьмнийн доттаг1алла а цкъа а ца хилча санна д1адала кхерам болуш г1уллакх ду.
Ткъа иштта дериг ца хилийта къахьоьгуш дуьне ма-дду дуккха нах бу: оьздаллин белхалой, йукъараллин организациш, г1арйаьлла дешаран туьшаш, иштта кхин д1а а. Дукха хьолахь цара ларйо къоман оьздалла а, иэс а, мотт а, истори а, иштта, цаьрца мел доьзнариг а. Ткъа х1ун хир ду цулла а мехала? Цхьаболчара-м ала тарло – «коьртаниг дин ду» – аьлла. Аса а ца къуьйсу иштта ойла йолучаьрца. Амма, х1оранна а шен болх бу. Вай дерриге маьждигашкара ара а ца довлуш 1арах, г1уллакх хир дац.
Вайна лоьраш а беза, хьехархой а беза, инженераш а беза, йуьртабахаман белхалой а беза, иштта, церан маг1арехь т1аьхьенна истори а, мотт а, оьздалла а кхиош берш а беза. Х1орамма шен аг1орахула хаза хьаннала къахьегчахьана, т1екхуьучу чкъорана дуьненан хазалла ма-дарра суьртехь бухадита аьтто хирбу вайн.
БАЙМУРАДОВ Мовсар