Оханан беттан цхьалаг1ачохь Х1енж-г1алахь регионан куьйгалхо С. Меликов цхьаьнакхийтира СВО-хь дакъалоцуш болучеран гергарчаьрца. И мероприяти д1айаьхьира Доттаг1аллин Ц1ийнахь.
Цигахь д1акхелхинчеран иэсана цхьанакхетар д1адолийра церан суьрташна уллезезагаш дехкарца. Цул т1аьхьа, баьхкинчаьрга вистхуьлуш, цо элира: «Вайн махкара т1емлой жигара дакъалоцуш бу мостаг1 вайн латтанашна т1елетар вухатухуш. Цара ца кхоадо шайн могашалла а, са а, машаре бахархой ларбеш, к1елхьара бохуш.
Цигахь д1акхелхинарш – вайн парг1ато ларйеш, т1екхуьу чкъор ирсе хиларе сатуьйсуш, Дагестан а, Росси а машаре йехийла лууш д1акъаьстина вайх. Уьш берриге турпалхой бу. Цара гайтинариг – иза, лазам муьлххачу а къоманна т1ебеанехь а, вай дерриге цхьа ницкъ хилар ду. Цундела вайн цхьаалла ч1аг1йелла. Шун лазам – иза тхан лазам бу», — элира цо.
Иштта, шен къамелехь Меликов Сергейс довзийтира Путин Владимира и г1уллакх шен тидамехь латтош хилар.
«Президентан харжамаш д1абахьаран кечамаш баран мур болабелчахьана, Путин Владимиран штабехь дуккха а бара леррина операцин декъашхой а, церан гергарнаш а. Ткъа вайн махкахь, и леррина операци йолайелчахьана, вуно дика тергаме лаьцна мостаг1чунна дуьхьало йеш болчеран г1уллакх. Лаьа, тхан г1о шуна гуш а, аша иза къобалдеш т1елоцуш а хуьлийла», – аьлла, «бистцахаларан миноте» кхайкхира цо гулбелларш.
Кхуззахь, леррина операцехь дакъалоцуш болучеран гергарчаьрна деш долу г1о довзийтира ДР-н военкома Мустафаев Даитбега а, къинхьегаман а, социальни кхиаман министра Казиев Мурада а. Цара хаийтира, г1о даран белхаш д1ахьош хилар федеральни а, региональни а т1ег1анашкахь. Иштта довзийтира меттигерчу 1едало а церан г1уллакх тидамехь кхобуш хилар.
Ткъа НС-н декъащхочо Ельникова Еленас дийцаре дира леррина операцехь дакъалоцуш болучеран наношна а, х1усамнаношна «Единая Россия» партин зударийн г1уллакхе хьожуш болучу декъашхоша деш долу белхаш.
«Вайн регионера зударийн хьашташ кхочушдечу йукъараллин организацишца з1енехь ду тхо. Тхан лаам – иза тхайгара дегайовхо шуна д1акховдор бу. Цуьнах, хууш ма-хиллара, бахьана хуьлу т1едеана вуон ла. Шуна уллера д1абевлла божарий вайн мохк 1алашбеш кхелхина. Цундела лаьа тхуна, тхайн таро ма-ййу шуна г1о дан», элира цо.
Цхьанакхетаре баьхкинчеран таро хилира регионан куьйгалхочуьнга хаттарш дала. Царна жоьпаш луш, Меликов Сергейс ч1аг1деш хаийтира, церан хьашташ кхочуш дийриг хилар. Сихха чекхдаккха луш долу г1уллакхана тидам т1ебахийтарца омар дира цо Правительствон белхахошка а, к1оштийн а г1алийн а куьйгалхошка а, нуьцкъаллин структурийн векалашка а. С. Меликовс элира, СВО-н декъашхойн гергарчеран хьашташ кхочуш дан деза 1едалан белхалоша массара а.
БАЙМУРАДОВ Мовсар