Рамазан бутт — хийцавала аьтту бу

Марха кхабарх лууш дерг, цуьнан коьрта Iалашо ю бусалба стаг Делах кхоьруш хилар, тIаккха цигара схьа цуьнан амал тоялар, иза дикачахьа хийцавалар. Дала Ша бусалба нахана мархин бутт кхабар парз даран бахьана довзийтина вайна, «шу Делах кхоьруш хилийтархьама» аьлла долчу Шен сийлахь дезчу дешнашца (Сурат «Ал-Бакъарат», 183 аят).
Марха кхобучо дагахь латтадо ша яахIума ца яар а, молу хIума ца малар а шен Делаца ша бина барт болу дела хилар, ша Делера шена мел хиларга догдохуш волу дела хилар. Цо дагахь латтадо даим АллахIана ша гуш хилар, ша лелориг Цунна хууш хилар, ша эриг Цунна хезаш хилар, цундела массо вочу хIуманах ларло иза, олучу дашах а, дечу гIуллакхех а, ечу ойланех. Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Марха кхабар ларвалар ду; нагахь санна шух цхьаъ марха кхобуш хилахь, вон къамел а ма де, вон хIума а ма де, галволу хIума а ма де».[1] «Марха кхабар юучух а, молучух а вухакхетар (хилла Iаш) дац, мелхо а иза эрна къамелах а, боьха къамелах а ларвалар ду».[2]
Доьххьара дуьйна шена хьанал долу, Дала шена магийна долу хIума – юург а, мерг а – АллахIа иза тIедожийна долу дела ша Iаддуьтуш хилча, доьххьара дуьйна хьарам долу вон хIуманаш муха дуьтур дац цо?! Хьарам долче бIаьрг хьажор, хьарам долчуьнга ладогIар, хьарам долу къамел дар, гIийбат дар, харц лер, боьха мотт лиебар, боьха къамел дар, эладита лелор, иштта кхидолу массо вон хIуманаш муха дуьтур дац бусалба стага, Делера шена ял хиларга догдохуш, Дала шех къинхетам барга догдохуш, Дала шена ялсамани яларга догдохуш, ша марха кхобуш хилча?!
Iумара аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Марха кхабар – деккъа цхьана юучух а, молучух а вухакхетар хилла ца Iа. Пуьташ боттарх, харц дерг дийцарх, эрна къамелах, дуйнаш даарх вухакхетар ду иза». Жабира аьлла (Дела реза хуьлда цунна): «Хьой марха кхобуш хилча, ахь марха кхабийта хьайн бIаьрсине, хьайн хазаре, хьайн матте, харц лерах а, къилахь долчу хIуманех а, адамана новкъарло а ма е. Айхьа марха кхобучу дийнахь хьайн лелар дика долуш хила, паргIат хила. Айхьа марха кхобу де а, марха ца кхобу де а цхьатера ма хилийта».[3]
Иштта дика лар йита езаш ю марха кхабаро бусалба стагана тIехь. АллахIана оьшуш дац вай хьийзор, я вайна хало яр, я вай мацдар, я хьагдар. Марха кхабарх АллахIана лууш дерг – вай Шех кхоьруш хилийтар ду, вайна оцу мархано дика Iаткъам бар ду, дика лар йитар ду, вай дикачу агIор хийцадалар ду. Цундела аьлла Пайхамара (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна): «Харц дерг дийцар а, цуьнца Iамал яр а Iад ца дуьтуш верг – Далла оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».[4] «Пуьташ боттар а, цуьнца Iамал яр а,[5] сонта хилар а Iад ца дуьтуш верг – АллахIана оьшуш дац цо даар а, малар а Iаддитар».[6] «АллахIана оьшуш дац, боьха къамел дар а, харц лер (пуьташ боттар) а Iад ца дуьтуш волчо юург а, мерг а Iадйитар».[7]
Ткъа нагахь санна марха кхабарх и пайда хуьлуш бацахь, цо кхин деш асар дацахь, боьха къамел дар, пуьташ боттар, гIийбат дар, вочу метте бIаьргаш хьежор Iаддуьтуш дацахь – мацалла а, хьогалла а бен кхин хуьлуш пайда бац марха кхобучунна. Дала иштта кхаьбна долу марха къобал дийр хилар а йоккха шеко йолуш хIума ду. Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла: «Марха кхобург хила мега, оцу марханах мацалла бен шена хуьлуш кхин (дика) хIума доцуш, Iуьйкъанна ламазаш дийриг а хила мега, сема Iар бен цунах шена хуьлуш кхин (дика) хIума доцуш».[8]
Цундела, АллахI Далла муьтIахь хуьлуш ша юург-мерг йитаре терра, массо вон хIума шех дIакъасто гIорта веза марха кхобург. Марха дохочу хIуманех а, хьарам долчу хIуманех а ларвалар – и ду марха кхобучо дан дезарг.
Мархин бутт – дика аьтту бу хийцавала луучунна, цIанвала луучунна, дикаллин лакхалле кхача луучунна.

[1] Бухарий, Муслим.
[2] Хьаким, Ибн Хузайма, Ибн Хьиббан.
[3] Ибн Аби ШайбахI.
[4] Бухарий.
[5] Харц долчуьнца, къилахь долчуьнца, вочу хIуманца Iамал яр, вон хIума лелор боху маьIна ду кхузахь лууш дерг.
[6] Ибн МаджахI, Насаий.
[7] ТIабараний.
[8] Насаий, Ибн МаджахI, Хьаким.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля