Нохчийн литературин дозалла: Айдамиров Абузар

Нохчийн поэташа, яздархоша а доккха дакъа лаьцна вайн къоман литература а, культура а кхиорехь. Таханлерчу дийнахь вайн нахана йицлуш лаьтта церан ц1ераш а, истори а. Тхан «Нохчий литературин дозалла» редакцин проекто шуна карладоккхур ду церан дахар а, цара литературехь йитин лар а. Тахана оха шуна дуьйцур ду Айдамиров Абузарах лаьцна.

 

Халкъан яздархо Айдамиров Абузар вина 1929 шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Ножи-Юьртан к1оштарчу Мескитахь ахархочун Iабдул-Хьаькаман доьзалехь. (Цуьнан паспорт тIехь вина терахь 1933 шо билгалдаьккхина, иза Сибрехахь долуш спецкомендатурехь дIаяздина нийса доцу терахь хилла). Нохчийн ширачу юьртахь, исбаьхьачу Iаламехь дIаяхна яздархочун бералла. Деша а, яздан а школе вахале Iемина цунна, шел баккхийчу вежарша а, йишас а йоза-дешар Iамош. Цундела хьалхарчу классехь деша волавелча, дукха хан ялале, дика хууш ву аьлла, шолгIачу классе ваьккхина. Иштта кхоалгIачу классера а, иза чекх а яккхале, йоьалгIачу классе ваьккхина. Цу тайппана дика доьшуш, ворхIшеран школа шайн юьртахь чекхъяьккхира хинволчу яздархочо.
Нохчийн халкъ махаках даьккхича, шайн кхиболчу доьзалх а, цIийнан нахах а хаьдда, Абузаррий, цуьнан дай, дестей Казахстанан Акмолински областан Акмолински к1оштан Садови олучу юьрта нисбелла. Иза Iаламат хала Iаламан хьелаш долуш меттиг хилла: Iай шело чIогIа хуьлуш, чехка дарц долий, адамашна зенаш деш, кIоргачу лайно цIенойн неI-кор дIадукъуш. Оцу халачу хьелашкахь «Сталинская Конституция» цIе йолчу колхозехь тайп-тайпана белхаш бина 14 — 15 шо бен доцчу Абузара: стерчийн готанца охана деш, хIу тосуш, мекха боккхуш, аьхка йол хьокхуш, цунах раьгIнаш еш, Iай бежнашна докъар тIекхоьхьуш. Иштта жимачохь дIаболабелла Айдамиров Абузаран къинхьегаман некъ.
1946-чу шарахь Г1ирг1изойн махкарчу Джалал-Абадски областан Каравански к1оштарчу Успеновка юьрта шайн нахана тIе дIавахна Абузар а, цуьнан да а. Кхузахь юьхьанца колхозехь прицепщикан болх бина Абузара, цул тIаьхьа бригадехь учетчик хIоттийна иза. Абузар деша лууш хилла. Учетчикан болх барца цхьаьна шолгIа а 7 классе деша вахна иза Успеновкерчу оьрсийн школе. 8-чу классе дIа ца эцна ворхI чекхъяьккхина кехаташ цахиларна. Литература езаш, исбаьхьаллин произведенеш дукха йоьшуш хIара хилар билгалдаьллачу школан директора 7 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, кхунна гIуллакхна, школин библиотекарь хIоттийна Абузар. Цигахь цхьана шарахь эха шарахь болх бинчул тIаьхьа Успеновкерчу «Т. Шевченко» цIарахчу колхозе коьртачу бухгалтеран заместитель вохуьйту иза. Пишпекерчу юьртабахаман техникуме бухгалтера говзалла караерзочу отделене заочни кепара деша а вахна, пхи курс чекхъяьккхина цо. 1956-чу шарахь Сулюкта гIала дIавахана Абузар, цигахь экстерно экзаменаш дIа а елла, чекхъяьккхина юккъера школа.
Хийрачу махкахь, халачу хьелашкахь жимачохь дуьйна къахьегна Айдамиров Абузара. Тайп-тайпанчу нахана юккъе нислуш, хало а, атто а ловш, дахар, къинхьегам, къинхьегаман адамаш довза таро хилла цуьнан. Шеко яц яздархо кхиарехь, адамашца, дахарца йолу цуьнан шовкъаш кхоллаяларехь и дерриге шен маьIна долуш хиларан.
ПаргIато а яьлла, нохчийн халкъ даймахка цIадоьрзучу хенахь, 1957-чу шарахь, шен юьрта Мескита цIа а веана, ворхIшеран школе историн, нохчийн меттан, литературин хьехархочун балха вахна Айдамиров Абузар. Соьлжа-ГIалахь 1958-чу шарахь хьехархойн кхаа беттан курсаш чекхъяьхна. Оцу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историки-филологин факультете заочни кепара деша а вахна, историн хьехархочун корматалла караерзош, институт чекхъяьккхина 1963-чу шарахь.
Мескитарчу ворхIшеран школехь цхьана шарахь хьехархочун болх бинчул тIаьхьа Айдамиров Абузар оцу школин директор хIоттийна. Ткъе итт шарахь гергга болх бина цо оцу даржехь. Школин куьйгалхочун болх цо кхиамца бина хилар гойтуш ю цунна техкина Сийлаллин цIераш а, делла пачхьалкхан совгIаташ а: «Нохч-ГIалгIайн АССР-н школийн сийлахь хьехархо», «РСФСР-н серлонан отличник», «СССР-н серлонан отличник», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан хьехархо», «Нохч-ГIалгIайн АССР-н сийлахь гIуллакххо», «Къинхьегаман ЦIечу Байракхан» орден. КПСС-н Нажи-Юьртан райкоман декъашхо а, к1оштан советан депутат а хаьржина иза дукхазза а. 1989-чу шарахь СССР-н халкъан депутат а хаьржина. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин сийлахь академик а вара иза.
Школехь болх бар Айдамиров Абузара хаддаза дIахьора исбаьхьаллин литературехь къахьегарца цхьаьна. Шен яздаран корматалла лакхаяккхархьама Москвахь Горькийн цIарахчу литературин институтехь шина шеран литературин лаккхарчу курсашкахь дешна цо.
Ларамаза дац къоначу поэтан дуьххьарчарах йолу стихотворени сийлахь-воккха оьрсийн поэт дагалоцуш язйина хилар. М.Ю.Лермонтовн дахар а, цуьнан кхолларалла а шен дуккха а агIонашца Нохчийчоьнах йозаелла ю. И стихотворени юкъаяхара 1962-чу шарахь Соьлжа ГIалахъ араяьллачу Айдамиров Абузаран «Винчу лаьмнашкахь» поэзин книгина. Тайп-тайпана чулацам бу «Винчу лаьмнашкахь» книги тIерачу произведенийн. Алссам ю цу тIехь заздоккхучу Даймахках воккхавечу, халкъан, махкан дуьхьа ваха луучу лирикин турпалхочун ойла гойту стихотворенеш.
«Винчу лаьмнашкахь» книги тIехь зорбатоьхна яра стихотворенеш: «Даймохк», «Винчу ломахь», «Бералла», «Ненан мотт», «Яьссин тогIехь», «ХIай буьйса…», «Африке», «Лермонтовн безамна», «Александр Казбеги», «Хьайна езахь», «Юха а хьоьга», «Бехк ма билла» дуккха а кхиерш а. Оцу вай ялийначу стихотворенийн цIерашца а гучуболу книгин шуьйра чулацам. Шен лаамашца оьзда ву поэтан лирикин турпалхочун. Дахарерчу дуккха а гIуллакхийн ойла йойту автора шен стихаш йоьшучуьнга. Кхузахь ала догIу А. Айдамировн цхьайолу стихотворенеш, гоч а йина, гIалгIайн а, оьрсийн а, ткъа иштта испанхойн а меттанашкахь зорбатоьхна хилар. «Винчу ломахь», «ХIай буьйса», «Даймохк» стихотворенеш нахана езаш йолчу эшаршка йирзина.
Айдамиров Абузар поэзехь дукха ца сецаш прозе ваьлла. Амма яздархочун цхьайолу прозехь йолу произведенеш шайн орамаш цуьнан стихотворенешкахь долуш ю. Буьртигах зIийдиг хоьций кхуьу ялта санна, оцу стихотворенешкахь йолчу теманех, идейх кхоллаелла хетало яздархочун цхьайолу повесташ, дийцарш, статьяш.
Гонахарчу дахарера проблемаш хIиттайо яздархочо шен дуьххьарлерчу прозин произведенешкахь.
Дешархоша а, критико а дика тIеийцира «Ненан дог» (1961), «Генарсолтийн «хьуьнарш» (1965) цIераш йолу книгаш. Вайнехан доьзалехь, юкъараллехь зудчун сий лардаре кхойкху автор. Оьздангаллица, гIиллакхца, вовшийн ларарца кхолла еза доьзалехь юкъаметтигаш боху цо. Дахарехь шена хьакъ йоллу меттиг дIалоцуш, новкъагIертачарна, зуламхошна дуьхьало еш зуда хила езар а гойту автора. Шен цхьана стихотворенехь Айдамиров Абузара яздо: «Хьо яц-ткъа, махкана къонахий белларг, Техкийнарг вайн халкъан турпалхойн ага!». Авторан дега йовхо шайца йолу и дешнаш «Ненан дог» повестан турпалхочунна Курсамна тIедогIуш а ду. Курсам шен сий лардийр долуш ю, шен бакъонаш лаха хуур долуш а ю. Повестан персонажех хIора а шен ойланца, амалшца, буьйцучу маттаца къаьсташ ю. Сатирин басаршца кхоьллина ямартхочун СаьIидан а, цунна тIаьхьайозачу Асетан а васташ.
Яздархочун 6 томах лаьтташ гулйина произведенеш оьрсийн маттахь арахецна 2004 – 2005-чуй шерашкахь. Царна юкъахь ю: «Долгие ночи», «Молния в горах», «Буря» романаш, «Один день судьбы», «Калужский пленник» повесташ, «В день смерти сына» дийцар, «Хронолгия чеченской истории», «Избранные статьи и речи».
Яздархочун цхьайолу книгаш Iаьрбийн матте а яьхна, Иорданехь а арахецна: «Лаьмнийн некъашкахула», «Вешин весет» (повесть «Маршонан цIарах»), «Еха буьйсанаш».
Айдамиров Абузар кхелхина 2005-чу шеран х1утосург (май) беттан 27-чу дийнахь Хьалха-Мартан гIалин клиникехь Iуьйранна 6 сахьт даьлча.
Нохчийн халкъан ларам бу сийлахьчу яздархочуьнга. Айдамиров Абузаран цIарах ю Нохчийн Республикин коьрта библиотека, Соьлжа-ГIалин коьртачу урамех цхьаъ яздархочун цIарах бу, школа ю. Иза винчу, даима ваьхначу юьртахь Мескитахь схьайиллина яздархочун музей. Айдамиров Абузаран дахарх, кхоллараллех лаьцна конференцеш, «горга стоьлаш» дIахьо республикехь. Цуьнан кхолларалла, историн романаш республикин школашкахь а, вузашкахь а Iамош ю.

НЕНАН МОТТ

Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзунийн баннашна уллохь
Нанас со кхиийна берахь.
Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли.
Декара, дог хьоьстуш довха,
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
ДIатуьйра набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш
Декара, дог Iийжош, доруш.
Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.
Ненан мотт, хьуна тIе тийжаш,
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,
Ловш Iийна уьш буьрса денош.
Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Айдамиров Абузаран произведенеш зорбанехь арайовла юьйлаелла 50-гIа шераш юккъе даханчу хенахь. ХIетахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолучу «Къинхьегаман байракх» газето кест-кеста кечйора литературин агIонаш. Оцу газетехь араевлла яздархочун дуьххьарлера произведенеш: стихотворенеш, дийцарш.
1956-чу шеран лаьхьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь газето зорбатуьйхира цIe яххана болчу нохчийн, гIалгIайн яздархойн произведенешца цхьаьна хIетта яздан волалуш волчу Айдамиров Абузаран «Лермонтовн безамна» цIе йолу стихотворени. Иза яздархочун дуьххьара зорбане евллачу произведенех цхьаъ ю.
Дутаева Алет

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля