Доггаха берийн доьхьа лела уьш

Тахана вайн махкахь билгалдоккхуш ду «Хьехархочун де». Ишколашкахь белхаш деш болу нах вайна массрна а дика бевзаш бу. Лаххара барамехь, исс шарахь дешна вай оцу туьшехь. Цу шерашкахь дуккха хьехархойн хьалхахула чекхдовлу вай. Царна йукъахь Руспубликан а, Пачхьалкхан а хьакъболу хьехархой аьлла ц1е йолуш берш а хуьлу. Иштта, меттигерчу 1едало кхин аг1орахула цхьацца дипломаш а, грамоташ а, мехала совг1аташ а деллерш хуьлу. Делахь а, шайн дешархой 1аморан барам 1едалан гергахь муьлххачу т1ег1анехь хиларах а, церан коьрта 1алашо – т1екхуьу чкъор кхетош-кхиорехь хьаннала къахьегар хуьлу. Царах х1ораннна а хаьа, исс йа цхьайтта класс йаьккхина ишколера арабовлуш берш берриге а лаккхарчу белхашка тар ца лой. Цундале, коьртачу декъана, кегирхой муьлххачу а хьолехь шайгахь адмалла а, г1илакх-оьздангалла а йолуш, оьшучунна г1о-накъосталла деш, шаьш бол-болучохь дикачу аг1орахула бен ца гойтуш, белхаш до цара.
Со х1инца а цецвуьйлу церан доьналлех. Церах х1оранна а ц1ахь шен доьзал болуш бу. Вай массара а санна бевза-безачаьрца, гергарчаьрца, лулахошца дика-вон лелош, йукъараллин белхашкахь жигара дакъалоцуш, ц1ийнан а, доьзалан а хьашташ кхочушдеш схьабог1у уьш. Амма иштта дара аьлла доцуш, берашна тайп-тайпана урокаш хьоьхуш, шайн мукъа хан дешархойн белхаш толлуш, дерриге шайн дахар т1екхуьучу чкъоранна д1аделла 1аш бу уьш. Доцца аьлча, ишколехь а, ц1ахь а, йукъараллин декхаршкахь а дика ларабо уьш. Сайн таро хилча-м, церан х1оранна а ц1арах цхьацца х1оллам х1оттор бара ас, уьш дийна болушшехь. Х1унда аьлча, церан х1ора хаза дош, ц1ена дог, комаьрша куьг, оьзда г1иллакх, и дерриге дагчу дуьжу берашна. Жимчохь иза дика схьа а лоцу.
Бен д1а доцуш х1оранна дика дагахь дуьсу шен ишколийн шераш. Суна а шера дагадог1у, со хьалхара классе вахача цхьацца акхаройн а, дийнатийн а, тайнигийн а суьртех хоьттина элпаш а, дагар дан а 1амош, урокаш хуьлура тхан. Х1инца-м, бакъдолуш, дуьххьара ишколе г1уш долу бер йеша а, йазйан а хууш хила деза олу. Цхьана диканна хир ду-кха и.
Хьоме хьехархой! Тхан доцуш йиш йоцурш. «Хьехархойн де» къаьсттина тахана ду аьлла доцуш, х1ора а дийнахь ду аьлла хета суна. Аса сайн а, тхан редакцин кхоллараллин тобанан а ц1арах даггара декъалдо шу. Шортта могашалла а йолуш ирсе дехийла шу. Дала аьтто бойла шун.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля