МАРХА ДАСТАРАН НИЗАМ

Хала хеташ делахь а, чекхдолуш ду кху беркате мархийн беттан шолгIа дакъа. Дехха шарахь ларбина болу рамадан болабелча, сиха чекхболу олий хета. Дуккха а хаттарш кхоллало нехан х1ора шарахь и чекхболуш. Царах цхьаццадолчеран жоьпаш довзийтар 1алашо йолуш, со хилира Хасавюртан к1оштарчу Бамматюртара имам Исаев Казбек волчохь. 
-Казбек, де дика хуьлда хьан. Х1ора шарахь марха дастаран хьокъехь дуккха а хаттарш кхоллало вайн бахархойн. Хуучарна карладаккха а, хууш боцучарна хаийта а 1алашо йолуш, масийтта хаттар дара сан хьоьга дан лерина. Дуьххьара вайн къамел д1адолош, доцца дийцахьа марха дастаран низамах лаций.
-Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца д1адоло лаьа суна вайн къамел. Берриге хастам АллахIана бу. Иза хеста а во, Цуьнгара гIо а, гечдар а доьху вай. Цуьнца ларло вай массо а вуонех. Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац аьлла, Ша Цхьаъ ву Иза, накъост воцуш. Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад Цуьнан лай а, Цо ваийтина элча а (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хиларца.
Цул т1аьхьа хьан дехарна жоп луш, суна билгалдаккха лаьа, т1аьххьара марха чекхдаьлча вай сахь доккху. Ма-дарра аьлча, рамадан бутт болабелчахьана даккха мега иза, ткъа деза дерг чаккхенехь даккхар ду. Иштта Шаввал-беттан хьалхарчу дийнахь дезачу дийнан ламаз до, цуьнах Iийд олу. Iаьрбойн маттера схьадеана вайна и дош, гоч дича цуьнан маьIна «дезде» ду. Ламаз динчул т1аьхьа, массара лулахой, гергарнаш болчу бахарца марха досту.
-Мархийн бутт чекхбаларан билгалонаш муьлхарш ю?
-Мархийн бутт чекхбаларан билгало болабаларан санна, бутт гар ю. Вайна схьадеана Пайхамаран (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) хьадис ду: «Аша марха кхаба а кхаба, даста а даста бутт гарца». Нагахь санна и гина бацахь, Рамадан беттан ткъе итт де дузийтина достур ду марха. Амма, вай долчохь 1аламан цхьацца башхаллашца иза гар ца нислахь, Дагестанерчу нохчийн имамийн кхеташонехь билгалдаьккхина, Макки чохь болчу 1елам нехан харжамна т1етовжар. 
-Марха дастаран низам дуьйцуш дуьххьара сахь даккхар хьахийра-кх ахьа. Цуьнан нийса некъ муха бу?
-ХIора бусалба стага (борша стаг) шена а, шайн доьзална а тIера дала дезаш закат-даьхни ду. «Делан Элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) марха дастаран закат парз дина, марха кхаьбнарг шегара мархийн баттахь даьллачу вуон долчу къамелах цIанвалийта а, иштта мискачу нахана яа хIума хилийта а».
Сахь даккхаран низам вайн дино иштта дуьйцу: цкъа хьалха ша шена даккха деза, тIаккха шен х1усумнанна, жимах волчу доьзалхочунна, дена, нанна, ткъа царал т1аьхьа шен воккхах волчу доьзалхочунна т1ера кхин д1а ваха веза. Сахь даккхар вайн Шафи1и мазхьабехь буьртиг-ялтийца ду. Вай дехачохь наха дукха дууш дерриг лело деза. Цуьнан барам 2400 грамм хуьлу, ткъа вай дукха хьолахь кхоъ кийла леладо. Иза совдаккхар, таро елахь, деза ду. Тахана вай дукха хьолахь лелош дерг кIа ду, амма, иштта лело мега дуга, хурманаш (финики). Ахча далар дика ца лерина. Делахь, кхечу кепара шен тар ца лахь, Хьанафи мазхьабана т1е а тевжина, ахча дала мегар ду. Цуьнан барам х1ора шарахь имамаша марха дастар герга дог1уш билгалбоккху. Юха а, т1еч1аг1деш билгалдоккху  аса, ахча далар дика дац. Сахь кхочучарна (церан юкъахь къе-миска нах, декхаршлахь берш, некъахой иштта кхин д1а а) д1адалар дика ду т1аьххьара марха чекхдаьллачулла т1аьхьа, Iийд-ламаз дале хьалха. Нагахь санна сахь даккхар Iийд ламаз дале ца хилахь, доькхуш даккха деза. Иштта некъ бу вайн мазхьабехь лело безарг. 
-Сахь д1адекъначулла т1аьхьа Iийд ламазе вахарах лаций дийцахаьа. Иза деза ду бохуш дуьйцу хуучара.
-Iийд ламазе вахар дика дийцина жайнашкахь. Иштта, маьждиге вахале т1е хи кхарзар а, хурма кхаллар а, тоьлла долу духар т1едухар а ду деза. Цул совнаха, цхьана новкъа д1авахар а, кхечу новкъа вухавар а ду иштта дика аг1ора хьахийна. Iийд ламазе вахар дика дац хIума а ца кхоллуш. 
-Къаьсттина марха дастале хьалхарчу дийнахь а, достучу дийнахь коше бовлу цхьаберш. Цуьнан хьокъехь муха яздина?
-Къаьсттина оцу деношкахь коше валар ч1аг1дина дац динахь. Коше муьлххачу дийнахь вахча а бен дац. Цига вахар дика ду, х1унда аьлча — валар дагадог1у, ткъа цуьнан ойла коьрте хьаьвзича, стаг хьарам долчух вухаволу, ларлуш хуьлу. Цундела кешнашка ваха лууш верг и де герга кхаччалца а ца 1аш, шен тар ма ло сих-сиха ваха веза. 
-Марха достучу дийнахь гергара нах болчу вахар муха дуьйцу?
-Оцу дийнахь гергара нах болчу вахар, марха дастаран куц ду-кх. Иштта, дуккха вовшашна т1едаха деза вай. Къаьсттина лулахой болчу, цомгуш берш болчу, къаной болчу иштта хьайн уллора гергарнаш болчу а. Х1ораммо а шен доьзалехь ницкъ кхочучу барамехь мерза яа х1ама яр а дика ду. Т1аккха чу бог1учара иза кхьаьллича, цуьнах саг1а а хуьлу, керта бог1у бала бухатохаран бахьна а хуьлу.
-Казбек, вайна ма-хаъара берриге а бац цхьатерра могшалла дика йолуш. Иза а, иштта кхин долчу бахьанашца а парз марха дисинчеран иза доькхуш кхабаран некъ муха хила беза?
-Марха дастаран де чекхдаьллачулла т1аьхьа, хан ца йолуьйтуш кхаба деза дисина марха. Х1унда аьлча, 1ожалла т1е маца кхочу цхьанне а ца хаьа. Ткъа иза ца кхабар доккха къа а лерина. Бакъду, цамгар йирзинаяьлла яцахь, цомгуш верг та валанза велахь, шен могшалла метта яллалца собар дийр ду. Дег1ана зен деш кхаба мегар дац иза.
-Рамадан чекхбаьллачул т1аьхьа суннат марханаш кхаьбча муха мел хуьлу?
-Шаввал баттахь 6 марха кхабар ч1аг1дина суннат ду. Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) шен хьадисехь ма-аллара — «Мархийн бутт кхаьбна, Шаввал беттан ялх марха т1екхабахь, дуьззина шарахь марханаш кхаьбча санна мел-ял хуьлу». Цундела, шен таро йолчо уьш кхабар деза дийцина. 
-Дела реза хуьлда хьуна, Казбек. Иэс-кхетам болчунна кхоччуш даьсти ахьа марха дастаран низам. Иза, цхьа а шеко йоцуш, массо а бусулбанашна хаа дезаш ду. Амма, дерриге дагахь ца лаьттарш хуьлу, дерриге 1амо йиш йоцурш а хуьлу. Цундела, марха герга кхочуш, наха лело дезарг аша довзийтича, дагадаийтича, цуьнах дуккха а пайда хуьлу аьлла тешна ву со. 
Т1аьххьара вайн къамел дерзош, х1ун ала лаьа хьуна вайн газетдешархошка?
— Дела реза массарна а хуьлда. Дала доссийначу Къуръанца а, Пайхамара (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) гайтинчу некъаца а 1амал яхь, вай иэшначарех хир дац. Массарна а хаа деза, уггаре нийса некъ шар1о вайна гайтинарг бу, наха шайгара цхьа а х1ума юкъа дало а ца оьшуш. Цундела, кхоччуш барамехь, нийсачу новкъахь д1адаха деза вай дерриге а. 
Аса даггара декъала бо берриге бусулба нах кху мархийн баттаца. Йисинчу ханна а дерриге марханаш кхоччуш кхаба а, даста а Дала ийман-могшалла лойла Дуьненахь мел бехачу массо а бусулбанашна. Дала т1ебог1учу рамадане а кхачадойла вай. Кху беттан дан ма-дезза сий диначарех хуьлитийла вай Дала. Кхаьбначеран марханаш Дала къобал дойла, цхьацца бахьанашца ца кхобуш бисинчарна Дала геч дойла.
-Амин. Дала мукъ лахь, со тешна ву, х1ара хьан хьехам шех пайда боцуш буьсур бац аьлла. Кхин д1а, нахана нийса некъ бовзуьйтуш, дин хьоьхуш болх барехь Дала хьан аьтту бойла. Ахьа д1ахьош болу беркате некъ кхин д1а лело ницкъ-парг1ато а хуьлийла хьуна а, массо дин мел хьоьхучунна а. 

Чеккхенгахь суна кхайкхам бан лаьара вай махкахошка. Мархийн баттахь Делан къинхетамца берриге а нах вовшашца мерза, йовха юкъаметтиг латтош, диканаш деш, хазачу 1амалшкахь совбуьйлуш хуьлу. Вовшашна халахетарш а наггахь бен ца довлуьйту вай. Массо а шен ницкъ кхочучу барамехь саг1анаш даларехь соввуьйлуш а хуьлу. И дерриге цхьанатоьхча, доккха беркат ду вайна кху баттахь т1едуссург. Делахь а, х1ара мархийн бутт чекхбаьллачул т1аьхьа диц ма-дойла вай, вай хьалха санна бусулбанаш хилар. Йисинчу хенахь а хила ма деза вай вовшашка лерам болуш. Рамадан ца хиларах ма ду вай Далла гуш а, Цуьнга дерза дезаш а. Цундела сан дехар дара шуьга, хьоме газетдешархой, йисинчу хена чохь а вовшашка болу лерам ларбахьара вай. Ларамца а, шу даггара дезарца а. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля