Д1адаханчу к1ирандийнахь Хасавюртарчу Мичурина поселкехь йуьртан саг1а даьккхира. Цуьнан хьалхара бахьна – Далла хьастадалар а, иштта, вайн махкана а, къомана а т1ебоьссина бала бухатохаре сатийсар а дара.
И берриге болх вовшахтоьхнера меттигера джама1атан декъашхоша. Дагадаита лаьа, иштта, Дела реза волу белхаш сих-сиха кхочушдо кху поселкехь. Х1ара б1аьстенан йуьххьехь а даьккхира кхара йуьртан саг1а. Меттигерачу имама Товсултанов Асхьаба дийцира х1окху саг1анах лаьцна. «Вайна ма-хаара, дуьненан йукъара хьолаца ч1ог1а чолхе зама йу т1ех1оьттинарг. Дуккха а вайн бусалба вежарий а, йижарий а бу кху дуьненахь баланаш хьоьгуш: бехк боцуш набахти чу боьхкинарш; бала-бовла меттиг боцуш т1амо гатбинарш; хьогалло а, мацалло а б1арзбина леларш; шайн-шайн меттигерачу 1едало динан бехкамашца лела ца буьтурш, иштта кхин д1а а. Вайн ният дара, т1ебоьссина бала а, т1ебог1ур болу баланаш а бухатохар дехар, могашаллица балахьоьгуш болчарна дарба хилийтар дехар а, берриге а бусалбанашна ирс-аьтто бехар а, массо вуочу белхашех вай хьалхадахар дехар а, т1амехь дакъалоцуш берш могаш-маьрша шайн х1усамашка бухаберзитар дехар а, иштта Далла хьастадалар а. 
Дуьххьара д1адолалуш оха кхайкхам бира йуьртарчу бахархошка саг1а даккхаран дозалла а, цуьнах хуьлуш болу пайда а, цо духатухуш долу зиенаш а довзуьйтуш. Цул т1ахьа меттигерачу йукъаралло г1о а деш, ахча вовшахтуьйхира. Дакъалаца йиш йолуш бара берриге а бахархой. Амма, массарна цхьатерра т1едиллина дацара и г1уллакх. Х1орамма а шен аьттоне а, хьоле а хьаьжжина луш дара ахча. Ма-дарра аьлча, иза иштта бен хуьлийла а дацара. Х1унда аьлча нуьцкъаха саг1а луш хуьлуш а дац. Д1алуш дериг гуттаренна а доггаха хила деза. Массара а иза иштта делла аьлла тешна ву со. Х1ара г1уллакх массеран а цхьатерра лаам хилар, цара жигара дакъалацаре ма-хьаьжжинехь гучаделира.Гулделлачу ахчанах оха ткъа сов корта хьайбанаш ийцира. Церан жижиг йуьртахь массо а доьзале а кхачийтира. Иштта, и дерриге г1уллакх д1ахьочу майданехь гулбеллачаьрна йаа х1ума йеш, божаршца нийсса къахьоьгуш вайн йижарий а бара. Сайггара а, массо йуртахочун ц1арах а, даггара баркаллин дош ала лаьа дакъа мел лаьцначунна. Вай иштта беркате гуламаш сих-сиха д1а мел хьо, Делан беркат лаьттар ду вайна йукъахь. Дала мукъ лахь, даьккхина саг1а Дела доьхьа ду. Дала иза вайн къобал а дойла!» - аьлла, шен къамел дерзийра йуьртан имама.Боккъала хаза а, беркате а г1уллакх ду Мичуринера бахархоша вовшахтоьхнарг. Х1унда аьлча, 1еламнаха шайн хьехамашкахь дуьйцуш хезна саг1а даларо бала бухатуху бохуш. Ткъа тахана лаккхара даржашкахь болу политикашка ладоьг1ча, муьлххачу минотехь дуккха а нахана зиенаш а хуьлуш, боккха т1ом бала кхерам бу дуьненахь. Ткъа иза, берриге ца кхетахь а, ч1ог1а хала бала бу. Къаьсттина цхьана тобана йа цхьана махкана боьссина бац. Ислам динна а, дуьненахь бехачу массо нахана а ала мегар долуш ду х1ара гуш долу чолхе хьал.
Дагадаита лаьа, иштта саг1а Хасавюртан к1оштарчу Дитташка олучу йуьртахь а даьккхира. Суна схьахетарг нийса делахь, иштта Дела резаволу гуламаш а, йукъара саг1анаш дахар а бусалба нах бехачу массо а йарташкахь хила деза. 
Дала къобалдойла вайн саг1анаш а, иштта Дела реза волуш вай мел йеш йолу 1амалш а. Царах бахьана а хилла, бусалба нах дуьненан массо а баланех а, эхартан 1азапех а 1алашбойла Дала. Йог1учу ханна, иштта беркате цхьанакхетарш д1адахьа ницкъ, аьтто, маршо, могашалла хуьлда вайн массеран а. Амин!