ХIора меттан мехалла – тIаьхьенашка дIакхачо
Лахьанан беттан 8-чу дийнахь вайн пачхьалкхахь дуьххьара билгалдоккху къаьмнийн меттанийн де. И керла терахь вайн президентан Путин Владимиран инициативица билгалдаьккхина ду, Дагестанан сийлахь поэт Гамзатов Расул винчу денца цхьаьнадог1уш ду. Поэтан Гамзатов Расулан иэсан де даздеш ду тайп-тайпанчу меттигашкахьа, цуьнан ц1е лелош йу коьрта культуран а, дешаран а учрежденеш а. Деза де кхолларан сацам бина 2025-чу шеран оханан беттан 5-чу дийнахь, Россин къаьмнийн меттанашна а г1о даран декъехь пачхьалкхан политика кхочушъйаран кхеташонехь. «Ас пурба ло Россин къаьмнийн меттанийн де кхолла а, иза х1ора шарахь 8-чу сентябрехь, Гамзатов Расул винчу дийнахь даздан а, - элира х1етахь Путин Владимира. Шен къамелехь мехкан куьйгалхочо коьрта тидам т1ебахийтира махкахь меттанийн тайп-тайпаналла 1алашъйар а, кхиор а мехала хиларна. Цо ч1аг1дира меттанашна системан пачхьалкхан г1о дан дезаш хилар, йукъара лингвистически меттиг ларъйеш, иштта т1едиллира меттанех лаьцна керла низам кечдан а, Россин массо а меттанийн пачхьалкхан реестр кхолла а. «... вайн пачхьалкхан къоман хазна а, историн а, культурин а т1аьхье а йолу Россин массо а къаьмнийн меттанаш а, церан тайп-тайпаналла а ларъйарна а, царна г1о дарна а кхин а хьелаш кхоллар», - аьлла, - билгалдаьккхира Президента. Россин къаьмнийн меттанийн де дагалецамечу денна статус йолуш ду. Иза кхолларан 1алашо йу: - Россин къаьмнийн массо а меттанаш а, культурин т1аьхье а ларъйар, царна г1о дар, кхиор; - Вайн мехкан меттан тайп-тайпаналлех лаьцна 1илманан хааршна популяризаци йар; - Къаьмнашна йукъара машар а, барт а ч1аг1бар; Оьрсийчоьнан 1илманийн академин меттан 1илманан институто бинчу хаамца, Россехь дехачу 193 халкъо лелайо гергарчу хьесапехь 295 мотт а, диалект а. Терахь лерина ду Россин къаьмнийн х1ора меттан мехалла а, и т1аьхьенашка д1акхачор мехала хилар а дагадоуьйтуш. БИБУЛАТОВА Iайнаъ