Февраль бутт цхьа шийла бара цу шарахь…
Умаров Са1ид ФСБ –н полковник вара. 4 –чу февралехь 2004 –чу шарахь, суьйранца шен юьрта – Нурадилове, Хасавюртара боьдучу новкъахь, ямартчу к1иллоша тешнабехк бина, герз тоьхна вийра и доьналла, яхь, г1иллакх, оьздангалла - шен дег1ан т1амарца НОХЧАЛЛА йолу вай къоман бакъ волу к1ант, патриот. Хан - зама шен чкъург керчош д1аихарх, адмийн дегнашкахь вехар ву Са1ид.