Дала ма эшадойла вай вовшашна!
Дег1астанан нохчийн журналистика, со г1алат ца ваьллехь, «Доттаг1алла» («Дружба» газетан дубляж) газетан т1ера схьайолаелла. Шиъ аг1о йолу и нохчийн маттахь долу газет (дубляж) арадала доладелира 60-чу шерашкахь. Юьхьанца и г1уллакх д1акхийхира Хункеров Висирхьажас, – Атиев Зах1ира, йижарша Арсланалиевг1ар - Зухрас, Хубайдата, йижарша Бартиевг1ар - Т1ауса, Билкъиза.