«ДАТО БУХIА» – МЕХАЛА СОВГIАТ

ДIадаханчу шотдийнахь, бекарг беттан (март) 27-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Нохчийн Республикин Интеллектуальни центро «Дато бухIа» совгIат даларан 17-гIа церемони дIаяьхьира. Иза, вовшах а тоьхнера  цу центран декъашхоша. Суьйренехь дакъалецира «Дато бухIа» совгIатан лауреаташа а, республикин Iилманан, дешаран, культурин, могашаллаIалашъяран белхахоша а, журналисташа а, интеллигенцис а, студенташа а. Даздаран хьолехь дIадоладелира хIара беркате цхьаьнакхетар. И дIахьош долчу Россин хьакъволчу артиста Джамаев Iимрана а, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолчу белхахочо Мумаева Анжелас а, гулбеллачаьрга маршалла а хаьттина,  Центран балхах а, республикехь культурин тIегIа лакхадаккхарехь цуьнан маьIнах а дийцира. Хьалхара дош цара делира Интеллектуальни центран правленин председательна, Нохчийн Республикин Парламентан дешаран комитетан председательна Хасбулатов Бекханна. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира республикехь Интеллектуальни центр кхоллар исторически хилам хилар. Цу гIуллакхан дIадолор 2003-чу шеран 23-чу мартехь хилира, Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас иза юкъадаккхарца. ХIетахь дуьйна болх беш ю хIара центр. Верриг а 210 лауреат ву «Дато бухIа»  совгIатан, ткъа тахана кхин 14 тIекхетар ву, элира Бекхана. Уьш берриш а интеллектуальни декъан къинхьегамхой бу, тIетуьйхира цо. 
Сцени тIе кхойкху «Дато бухIа» совгIатан дуьххьарлера лауреат, Нохчийн Республикин Iилманан Академин президент Гапуров Шахруди Айдиевич. Центро бечу мехалчу балхах лаьцна дуьйцу цо. «Дато бухIа» совгIат уггаре а дезачарах цхьаъ ду вайн республикехь, иза интеллектуальни декъехь бIаьрла кхимаш баьхначарна, шен къинхьегамца вайн культура кхиорехь доккха дакъа лаьцначарна луш ду, элира академико. Цо декъалбира керла лауреаташ, церан цIераш цкъачунна зала чохь яхаза елахь а.
СовгIаташ даларан хьокъехь къамел до жюрин председатела, историн Iилманийн доктора Ибрагимов Муса Муслимовича. ДIадаханчу шерашкахь «Дато бухIа» совгIат деллачу лауреаташна юкъахь бара вайн республикехь а, Кавказехь а бевзина ца Iаш, ерриге Россехь а, дуьненахь а бевзаш хилла болу Iилманчаш: академик Саламбек Хаджиев, профессор Руслан Хасбулатов, ткъа иштта Iеламстаг: Хожа-Ахьмад Кадыров, поэт: Шайхи
Арсанукаев, илланча: Валид Дагаев, суртдиллархо: Аманды Асуханов, къона Iилманча: Насруди Яричев. 
«Дешар» цIе йолчу номинацехь совгIат дIадала сцени тIе кхойкху Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Байханов ИсмаьIал а, Интеллектуальни центран декъашхо, Iилманча Бугаев Iабдулла а. Цара цу номинацехь толам баьккхинчу лауреатан цIе йоккху: иза историн Iилманийн доктор Хасбулатова Зулай Iимрановна ю. Лауреатана совгIат дIало, Зулайх дош олу Бугаев Iабдуллас. Баркалла олуш, йистхуьлу керла лауреат. 
Оцу номинацехь кхин шина лауреатана а ло совгIаташ. Уьш бу: физико-математически Iилманийн доктор Асхабов Султан Нажмудинович а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан университетан доцент Саламова Мадина Шахидовна. 
«Хьехархо» номинацехь лауреат дIакхайкхайо нохчийн меттан хьехархо Тайсумова Зина Магомедовна. Иза школехь болх беш йолу 53 шо ду. Баккхий кхимаш а бохуш, хьанала къахьоьгуш ю Зина Магомедовна, боху цунах лаьцна дош аьллачара.
«Мелехь гIуллакх дар (Подвижничество)» номинацехь лауреат хIутту технически Iилманийн доктор, профессор Курумов Джамалди Сурхоевич. Цунах лаьцна дуьйцу академика Батаев  Денис. Москвахь Iер-дахар долуш, Iилманан декъехь къахьоьгуш а, бизнесан гIуллакх лелош а, вайн республикерчу дуккха а нахана гIо дина ву Джамалди. 
«Могашалла Iалашъяр» номинацехь лауреат кхайкхаво Нохчийн Республикин хьакъволу лор Ахматханов Хусейн Умарович. 
«Iилма» номинацехь лауреат хIутту физико-математически Iилманийн доктор Умархаджиев Салавди Мусаевич. Лауреатан балхах лаьцна дуьйцу академика Гапуров Шахрудис. Салавди Мусаевича шен лабораторехь интернета чу нохчийн мотт боккхуш ву, иза Iалмат мехала гIуллакх ду вайн маттана а, Iилманна а. 
«Литература» номинацехь лауреат хоржу литературни критик, поэт, гочдархо Бурчаев Хьалим. Цунах лаьцна дуьйцу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас а, «Дато бухIа» совгIаташ даларан жюрин декъашхочо, поэта Борхаджиев Хож-Бауддис. 
Шена совгIат даларна баркалла а олуш, чулацаме къамел до Хьалима. 
«Синан орамаш» номинацехь лауреатан совгIат ло Нохчийн Республикин халкъан артистана Марисултанов Iелина. 
«Искусство» номинацехь лауреат хоржу Россин Федерацин хьакъйолу артистка, Нохчийн Республикин халкъан артистка Ташаева Марем Мухадиновна. 
«Лаккхара корматалла хиларна» номинацехь лауреат кхайкхайо Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Султанова Хьулимат Зелимхановна. 
«Журналистика» номинацехь лауреат хоржу Нохчийн Республикин зорбанан а, хаамийн а министр Дудаев Ахьмад Махмудович. 
«Къона интеллектуал» номинацехь совгIат кхочу педагогически Iилманийн кандидатана, доцентана Дудаев Геназ Сайд-Хусиновична. Ткъа иштта оцу номинацехь кхин цхьа лауреат а хоржу –  историн Iилманийн кандидат, Шайх Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан хьехархо Сулумов Зелимхан. 
Цхьаьнакхетар дерзош, шаьш бечу балхах а, республикехь культура а, Iилма а, могашаллаIалашъяр а кхиорехь мехала долчух а лаьцна дуьйцу Интеллектуальни центран правленин председатела Хасбулатов Бекхана. 
Хьовсархойн шайн говзачу а, исбаьхьачу а похIманца самукъадаьккхира вайн республикехь а, цуьнан дозанал арахь а шуьйра бевзаш болчу артисташа: Паскаев Рамзана, Минцаев Мовсара, Ташаева Марема, Ясаев Мохьмада. 
  

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля