Видеоконференцз1енехула Меликов Сергейн цхьанакхетар хилира Федеральни некъийн агентствон куьйгалхочуьнца Новиков Романаца. Цара дийцаре дира «Кхерамза дика некъаш» халкъан проект регионехь кхочуш йар. Шен къамелехь Новиков Романа билгалдира некъаш тодаран хьал керлачу т1ег1ане даьлла хилар. Иштта, цо элира, карара шо долалуш, хила ма-дезза хьолехь меттигера 67,5 %, федеральни а, 86,6 % региональни а, 74 %...
