Даймехкан Турпалхойн денна лерина маь1не вовшакхетар хилира Т1еман сийлаллин гу т1ехь. Г1алин культуран центро вовшахтоьхна йара иза. Цигахь дакъалецира инновацин технологийн колледжан студенташа а, г1алин бахархоша а, т1ейог1учу т1аьхьенна маьрша стигал ларъеш д1акхелхинчу махкахойн дагалецамашкахь сий деш. Иэсан вовшахкхетар д1айолаелира хьалха хиллачу наха дина хьуьнарш мехала хилар а, вайн йукъараллехь патриотизм мехала хилар а ч1аг1деш....
