ХХ — г1а б1ешеран доьзткъе уьтталг1ачу шерашкахь журналистикехь къахьега волавелла Борхаджиев Хожбауди. Ша болх бечу газетан корреспондента т1ийра д1аволавелла, коьртачу редакторан дарже кхаччалц болх беш, кхиамаш бина цуо йоццучу хенахь. Цу хенахь дуьйна, таханалерачу денна т1е схьакхаччалц, цу газетана коьртехь волуш, схьавог1уш ву иза. Хожбаудис хаддаза, доггах хьоьгучу къине хьаьжжина, тоьллачех ду аьлла билгал даьккхина...

