Карарчу эсаран беттан 15-чу дийнахь нохчийн сийлахьчу яздархочун а, драматурган а, режиссеран а Хамидов Iабдул-Хьамидан 101 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре дIаяьхьира Хьалха-Мартанан районан Йоккхачу АтагIахь. Кху юьртахь вина а, кхиъна а вара иза. АтагIа чIогIа езаш, ша мукъаваьллачу хенахь юьрта вогIуш вара Iабдул-Хьамид. Ден цIенца, юьртахошца доьзна дуккха а хIума дара цуьнан.Iабдул-Хьамидах лаьцна суьйре...

