Хууш ма хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Р. А. Кадыровс шен указца билгалдаьккхина 25 апрель – «Нохчийн меттан де» аьлла. Кху шарахь пхийтта шо кхаьчна иза кхайкхийна. Амма, цхьана Нохчийчохь даздина ца 1аш, вайн республикехь бехаш болчу нохчаша а шуьйра даздо и де.Кху беттан 23-чохь, «Нийсо» газетан коьрта редакторан кхайкхамца д1айаьхьира «Бекалахь, ненан мотт» ц1е йолу,...

