Дуьненан некъаш цкъа хьалнехье йолуш хала, т1аккха охьанехье мелла а атта нисло. Дахаран а ду башха-башха чолхаллаш йолуш, текхиъна вер а воцуш, хьалххе цу некъийн хало — атто йовза йиш йоцуш «къайлах» некъаш. Цу чолхечу дахаран цхьа мур бу, боца, уггар ирсечух, — бералла. Цхьа а г1айг1а-бала ца хиларна ирсе мур. Беран коьрта цхьа лаам...
