Вайн къоман истори хуучунна девзаш ду, доттагIчунна лерам а сий а, лаккхара мах болуш дуйла. Цундела ду халкъан барта кхоллараллехь доттагIчух лаьцна дуккха а дийцарш а, аларш а. Генарчу вешел а йуххера доттагI тоьла, олуш ду вайн. Бух болуш а, к1орггера маь1на долуш ду и. Х1унда аьлча, де иэшначохь сиха кхочу уллерниг. Ткъа дика...
