Х1окху беттан 4-чу дийнахь вайн г1алара №4 йолчу йуккъерчу ишколехь иэсан барам д1абаьхьира леррина т1еман операци д1ахьош велла волу воккха сержант Бараханов Арсланхан дагалоцуш. Цуьнан иэсан иэкъа а д1ах1оттийра. Леррина т1еман операцин зонехь мел байинарш дагалоцуш, цхьана минотана тийналла а йолуш д1аболабелира и барам. Хасавюьртан Куьйгалхочун Корголиев Корголин ц1арах церемонин декъашхошка вистхилира цуьнан...
