ДIадевлла хIуманаш ду уьш. Делахь а церан лорах дIа йисте ваьлча, оцу дийнахь цигахь хилла и болх сан бIаьра хьалхара ца болу. Ден шичой бара тхан, тхан ден ден вешин воIарий бара уьш – Джандар, Джансура, Хьасанбек. Ялхарахь хьовха, махкахь а чIогIа цIе йолуш къонах вара ялхаройн Экин Джандар. Экин Джандаран йоI яра Совдат. Совдат...








