Мархин бутт кхабаран дозалла Мархин бутт бусалба стагна чIогIа дика хан ю Далла Iибадат дан. Марха кхобу хан тIехIоттар Комаьрша волчу Делера чIогIа доккха ниIмат ду, Шена луучунна дика деш Цо луш долу, Шен лайн диканаш совдовлийта, цуьнан даржаш лекха довлийта, цуьнан вон хIумнаш дIадовлийта, Сийлахь а, Лекха а волчу цуьнан Кхоллархочуьнца йолу цуьнан юкъаметтиг...









