Нажи-Юьртан к1оштара бахархоша, къаьсттина берриге а нохчмахкахоша, йоккха сийлалла лору шайна Гадаев шайн махкахь вина а, кхиъна а хилар. Цуьнан каш Чуьрч-Ирзехь,ткъа цо шен бераллин мур-той д1адаьхьначу Ц1ен-Берда т1ехь бу, Мохьмад-Салахьан весет кхочушдеш, цуьнан лаккхара лерамбарца махкахоша цунна боьг1на х1оллам а. «Дог-мерза гул а лой… дегнийн хьу» йостий, нохчийн тоьлла поэт Гадаев дагалаца гулло кхузахь...
