Вайна беана сийлахь-беза бутт – Рамадан. И бутт везачу Дала къастийна кхечу беттанел даккхий дозалашца. Рамадан беттахь досса долийла Делан сийлахь-деза жайна – Къуръан. И бутт безбеш, Дала бусалбанашна т1едиллина сийлахь – деза 1ибадат – марха кхабар. Хьадисехь цунах лаьцна деана, лекха-воккха волчу Дала элира, ерриг Адаман беро еш йолу 1амал цунна шена ю, марха...
