Ага техка. Аганан чохь Iуьллу баьццарчу дарин кохкаршца дIадихкина бер. Ага техкочу зудчо олучу аганан иллин мукъам баьржа дуьненахь. Беро леррина ладугIу. «Ча-борз хилий, хьо кхиалахь. Шаьлтий-доьхкий ахь дехкалахь. Дуьне маьрша ахь даккхалахь. Сий-яхь долуш хьо вахалахь…». КIантана мотт бийца ца хаьа, делахь а цо леррина ладугIу. Цуьнан бIаьрг-негIарш меллаша набарна тIедоьлху. Илли кхидIа а...
