Кху деношкахь чекхбели газеташка шолг1ачу эхшаре язбаларан рог1ера мур.Цхьаъ бен доцчу «Нийсо» газете вай яз ца луш хиларх, цецваьлла а ца волуш ву со. Вайнах сибрех болчу хенахь, ненан маттахь радио (Алма – Атехь, Казахстанехь) болх бан йолаелча хилла кхаъ, тахана а биц ца ло сан хенарчу нахана.