Нохчийн меттан семинар

Х1ора шарахь чиллин (февраль) беттан 21-чохь массо а къаьмнаша даздеш ду Дуьненаюкъара ненан меттан де. Дагестанехь къаьсттина тидам бо оцу денна. Х1унда аьлча, пачхьалкхехь уггара дукха къаьмнаш дехаш регион ю вайн республика. Оцу денна лерина дуккха а тайп-тайпана цхьанакхетарш а, къийсадаларш а, йиллина урокаш а,  иштта кхин йолу пайдане мероприятеш а д1ахьо массо а ишколашкахь.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля