75 шо. Цхьана стеган оьмар. Оццул зама д1аяьлла, хууш ма-хиллара, вайнах махках а баьхна, оцу пана махка – Казахстане а, Юккъерчу Азе а д1ахьовсийна.Баккхийчеран тоьшаллашца вуно къизалла лан дийзина оцу шерашкахь — д1абоьдучу бехачу новкъахь а, Сибрех даьхначу шерашкахь а. Мацалла, шело бахьанехь х1аллакьхилла иттаннаш эзарнаш адамаш: баккхийнаш, бераш, зударий. Х1унда аьлча, т1амт1е бахана, т1ехь да воцуш хилла дуккха доьзалш. Ишттачарна алсам а гина и халонаш. Къаьсттина а дукха адамаш д1акхелхира вайнах махках баьхначу хьалхарчу шарахь.