ДОТТАГIАЛЛА…

ДоттагIа, ма вуьсийла цхьа а хьоьх къаьстина. Ма доккха накъосталла ду-кха хьо хилар. Хир вуй те цхьа а оьшучохь шен улло вала хьо воцуш? Велахь а, ма дуьззина хир дац-кха цуьнан дахар, аьлча а, ма деса хетар ду-кха цуьнна дуьне. 
Герга хилча, дегI дагадеш,
Iовжош, гена ваьлча, дог-
Иштта доцчу доттагIаллех,
Алал, доттагI, вай хIун до?

Сулейманов А.

Муха кхета те вай «доттагIа» бохучу дешан маьIнах? Къаьсттина, вайна, нохчашна, вайн историн кIоргене хьевсича дуккха а го, доттагIчунна лерам, сий лаккхара мах болуш. Цундела, ларамца дац вайн халкъан барта кхоллараллехь а, цхьацца шира дийцаршкахь а, кицанашкахь а доттагIчух тайп-тайпана масалш хилар: дикачу доттагIчуьнца дуьненан йисте кхача а хала дац; ваша ваша вац и хьан доттагI вацахь; сакхт доцуш доттагI лаца хьо гIертахь, и воцуш вуьсур ву хьо; доттагIа шираниг тоьлу, керт — керланиг тоьлу; генара хиларх, тешаме доттагI, бIов санна чIагIо йу.
Хийла олуш хезна-кх вайна, генарчу вешел а йуххера доттагI тоьла олий. Хьекъал доцучу наха ма ца аьлла иза. ХIунда аьлча, хIуъу а тIе деъчи а, оьшучунна дIахIуттуш верг йуххехь верг ву. 
Дикачу дотагIчо хьул до вайн гIалаташ. Галаваьллачохь нисса а во цо. ХьагI йац цуьнгахь, муьлхха а гIуллакх тIехь тешаме а ву иза. Делан дуьхьа вовший дукхабезаш болчеран доттагIалла де-дийне мел долу чIагIло. КIорггера ойла йича мел деза а, беркате, чеккхе йоцуш а гергарло ду иза. Мацах цкъа Нохч-ГIалгIайн АССР-ан халкъан артист волчу Эдисултанов ШитIас элир-кх: — «Хьайн доттагIа гIуллакхехь велахь, цунна тIе бала белхош ма гIолахь, цуьнца долу доттагIалла хьайна дохийла ца лаахь. Нагахь санна и хьан даггара доттагIа велахь, цунна шена хуур ду хьуна хIун оьшу»! Ойла йича, ма кIорггера маьIна ду цу дешнийн. Кху дешнашца цунна довзийта луург хIун дара хьуна аьлча, хила ма везза, даггара, Делан дуьхьа йукъаметтиг лелош волчу доттагIчуьнна бала белхо ца оьшу бохург ду и. Муьлххачу балхахь велахь а, мухха а хьал тIе хIоьттинехь а, хила ма-везза волчу къонахчунна биц ца ло шен доттагIий, дика накъостий. 
Вайн къоман гIарбевллачу йаздархоша дуккха а произведенеш йитина доттагIа хеставеш, цуьнан хьакъ довзуьйтуш, цуьнца хила еза йукъаметтиг хьоьхуш, хIунда аьлча,  ширчу заманахь дуьйна вайн чIогIа деза лоруш хилла доттагIалла. Масала: тайп-тайпана къаьмнашна йукъахь интернациональни доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гойтуш Арсанов Сайид-Бейс йазйина «Маца девза доттагIалла» роман; I930-чу шарахь зорбатоьхна Мамакаев Мохьмадан «ДоттагIалла» стихотворенийн хьалхара сбоник; Сийлахь Боккха тIом болабелча Гадаев Мохьмад-Селахьа йазйина «ДоттагIашка» цIе йолу стих. Иштта, жимчохь дуьйна вайн хIора а хIусамашкахь баккхийчара гуттара а олуш хезна вайна – «Диканиг доттагIа лаца хьайна» — олий. Дас, дедас, баккхийчу вежарша иштта весет дар чIогIа маьIна долуш ду, хIунда аьлча шен дахарехь дуккха а доттагIчуьнан гIо-накъосталла оьшуш киртигаш тIе Iиттаелла царна. Цундела, кегийрхой кхуьуш дуьйна Iамал цIена йолуш, неха йукъахь сий-ларам болуш, хаза гIиллакх долуш хилийтархьама, беш бу берашна иштта хьехам. 
Халахеташ делахь а, дукха хьолахь, Дуьненахь тIаьхьарчу заманахь цхьацца баккхий хийцамаш хилар а, иштта йукъаеввла телефонаш а бахьана долуш, тIекхуьу чкъоран кхетамехь буьззина бац доттагIчуьнан ларам. Суна хетарехь, баккхийчаьра чIогIа тидам бан безаш гIуллакх ду иза. Иштта гIуллакх хецна дита маггане а мегар дац. ХIунда аьлча, вайх хIораммо а Iамо ма-безза уьш Iама бахь, вайн тIе кхуьу тIаьхье «сирла» хир йу. Оьвххьаза цаьрга кхане дIакховдо аьтту хир бу вайн. Амма, и гIуллакх телефонех а, интернетах а тешна дитахь, ма бодане го-кха церан дахар. ТIаккха мила бехке вир ву те вай ткъа шо, ткъе итт шо зама йаьлча? Дера, и берриге бехк-м вайна кхетар ма бу. 
Вовшийн йукъахь доттагIалла лелош мел хаза гIиллакх ду вайн Iадатехь. Ткъа хила ма везза доттагI хила а дац атта. Дуккха а декхарш ду цунна тIехь. Масала: оьшучохь ваша хилла йуххе валар, тешаме накъост хилар, иэшахь са дIадала кийча хилар иштта дIа кхин а. Амма, и гергарло иштта хала дара аьлла ца Iаш, мичча а хенахь, доттагIчуьнан гIуллакхана ара а бовлуш, кхоччуш гIуллакх хилла даьлчи бен шен хIусаме ца боьрзуш схьабаьхкина вайн вархIа дай. ДоттагIалла лелош мел дукха халонаш царна тIе Iиттаелла, делахь а, царах цхьа а эшаллехь ца висина. Ишттачу масалаша гойту вайна доттагIалла лелорехь нийса некъ. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля