Динан г1уллакхаш башха дика карадог1уш вацахь а, маттана шера а, хьекъална ира а ву аьлла, Махьмина юьртахоша моллалла т1едожийна хилла. Шех тешийна г1уллакх вуно ч1ог1а санехь хилар зеделлачу цо малар а, сигаьрка а йитина. Вовшашца мостаг1алла тасаделлачу нахана юккъехь машар беш, моьлуш, хьаштдоцург лелош верг сийсаза веш, оьшучунна хьехам беш, массеран а дог эцна ваьлла Махьма. Луларчу ярташкара бахархой а хилла xlapa волчу оьхуш. Массарна а дашца а, г1уллакхца а там беш хилла цо. Цундела иза везаш а хилла.Цхьана дийнахь хьалха цкъа доттаг1алла лелош хилла волу Яхьа веана Махьмина т1е шен цхьа бала бахьаш. Кисанара схьакъеда къаьркъанан шиша а, дукха сов вахочу маларх веттавалар бахьанехь тишъелла юьхь-сибат а, схьаетталун томкин г1иран хьожа а ца езаеллачу Махьмас, декъа салам-маршалла схьа а эцна, деана г1уллакх схьадийца аьлла:
— Вайша хьалха, цкъа зама зама йолуш, дууш-молуш цхьана лелаш хьох х1ума лачкъош вацара со, — аьлла, схьадолийна Яхьас. Амма ша ала г1ертарг схьадийцина ца волуш, дуьнент1е мел долу х1ума юкъаозийна, къамел дахдан волавелла иза…
— Ладог1ал, Яхьа, — сацийна иза Махьмас, — хилларг д1адаьлла, иза карладаха оьшуш а дац. Айса лелийнчунна тоххарехь дохковаьлла со. Цундела цунах лаьцна вайша кхин дийца оьшуш х1ума а дац. Сихха айхьа деана г1уллакх схьадийций вала. Арахь хьоьжуш кхин а нах бу…
— Гой хьуна, доттаг1а, доцца дуьйцур ду аса, х1окху т1аьхьарчу хенахь xlapa дуьне къахьдина суна оцу вайн чуьрачо. Чу моссаза веа, луьйш, хьаштдоц ург дуьйцуш. Со дуьхьал вистхуьллушехь, дов хуьлу. Зуда йитина д1а а яхийтина, лела зама а яцара сан, жайна даккхахьара ахьа цунна, толур яцара техьа иза.
— Иза-м хала, хьо ваха, дацара, — аьлла, къоламмий, кехаттий схьа а эцна, охьахиъначу Махьмас оццу минотехь яз а дина, кхо маь1иг еш хьарча а дина, д1аделла жайна Яхье.
— Х1окху жайно хийланна а г1о дина хьуна. Х1ун ю кхуьнан ц1е? Х1аъ, Хьулимат лен йолаллушехь, xlapa жайна цунна а ца гойтуш, хьайн цергаш юккъе лаца. Цул т1аьхьа а шайн барт иэг1аш меттиг нислахь, суна т1евола.
МОЛЛИНА АЬЛЛА Х1УМА
Цхьана х1уманна т1ехула молла Сапарбек хьахийна наха.
— Д1аваккхийша молла Сапарбек, цунна хууш х1умма а дац. Цул воккха 1овдал карор вацара кху нана-махкахь, — аьлла иза дика вевзаш волчу Дагас.
— Вай, 1елам стаг ма ву иза. Ма алахьа цунна иштта, — дуьхьало йина цигахь хиллачо цхьамма.
— Къор1анаш дешна вай иза-м, — вистхилла кхин.
— Дера бакъахьа стаг-м ма ву молла Сапарбек. Яхкаеллачу кхелли т1е вилла мегар дацара иза, — ч1аг1дина Дагас.
И хабар моллех д1акхетта. Доккха дег1 а, т1ехьаьжча буьрса а, дера а волу Сапарбек оьг1азвахна Дагина. T1e г1еххьа 1овдал а, девне вала кийча а волу Сапарбек, ша т1екхаьчча, Дагех лата ойла йолуш хилла.
Цхьана сарахь пхьоьхана нах гулбеллачохь вовшашна т1eнисвелла Сапарбеккий, Дагий. Моллин оьг1азе къегачу б1аьргех а, цо шен 1аьржа совра долчу йоккхачу шаьлтанна т1едиллина, куьйгах а б1аьрг кхетта, ша дийцинарг цунах д1акхеттийла а, иза х1инца шеца девне вала дагахь вуйла а хиъна Дагина. Т1аккха иза меллаша адамийн тобана юккъе а вахана, мас-малик а хилла, д1ах1оьттина.
Эххар т1екхаьчна Сапарбек Дагина. Цунна дуьхьал а х1оьттина, массарна а хозуьйтуш, буьрса вистхилла молла:
— Ва, Дага, со яхкаеллачу кхелли т1е вилла а мегар вац х1унда аьллера ахьа хьастаг1а? — аьлла, шаьлтанан мукъ схьалаьцна Сапарбека.
— Эй, велла вала со делаъ, Сапарбек, ма ч1ог1а юьхь1аьржа х1оьтти со. Xloкxy нахана хьалха ас доьху хьоьга сайна къинт1ера валар. Хьо кхелли т1е вилла мегар вац аьлла ч1ог1а г1алат ваьлла хилла-кх со. Мегар ву ахьа дешначу къор1анор, дукха ч1ог1а а мегаш. — аьлла Дагас.
— И ша ду х1ета, — юхаваьлла хьекъална аьрта волу молла.
ДОХК
Чечана хьошалг1а а веана, ц1а ваха ваьлла цхьа г1ойт1архо. Дохк деана 1уьйре хилла, цундела иза некъах тилла.
Д1аоьхуш, керт еш воллучу цхьана чечанхочунна т1екхаьчна иза.
Салам а делла, г1ойт1архочо шена Г1ойт1а боьду некъ гайтахьара аьлла.
Чечанхочо дийцина: лакха д1а а вахана, аьрру aгlop д1а мa-хьевззина бу хьуна и некъ аьлла. Г1ойт1архочо шена и карор бац, ван а волий, айхьа гайтахьара суна и некъ аьлла дехна цуьнга. «Доккха х1ума ду-кх шега дуьйцучух ца кхетар» — бохуш, г1ам-г1им а деш, хьалха а ваьлла, некъ гайта веана чечанхо.
Жимма д1авахча, юха а вирзина, чечанхочо хаьттина, вайшиъ мичахь ву аьлла. Г1ойт1архочунна хууш ца хилла. Д1аоьху-уш, пхьоьхана т1е кхаьчна xlapa шиъ. Салам а делла, чечанхо т1евеъча, царна юккъера цхьаммо аьлла: «Ва дада, ахь х1ун леладо?» (Иза цуьнан вешин к1ант хилла).
Шен куьг к1ентан кара а делла чечанхочо, шен зудчунан ц1е а яьккхина, и шен куьг кхин д1а ца хоьцуш, шен зудчунга д1алохьа со аьлла. К1анта хаьттина: «Ткъа хьешана х1ун до вайша?».
Юха а хьаьжна, чечанхочо аьлла: «Варийлахь, хьо волчуьра меттах ма валалахь, дуьненчуьра т1ап-аьлла вовр ву хьо».