Сулейманов Ахьмадан синна бIов

Нохч-Г1алг1айн АССР-н халкъан поэт Сулейманов Ахьмад вина 1922-чу шеран х1утосург беттахь 1-чу дийнахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Олхазар-к1отарахь Горский АССР-хь. Дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха шерашкахь хьехархочунна, школин директоран белхаш бина, яздархойн Союзан исбаьхьаллин литературина пропаганда йаран Бюрон куьйгалхо лаьттина. Сулейманов Ахьмад — нохчийн 1илманча, кавказйовзархо, хьехархо, поэт, художник, музыкант хилла.

Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» ц1е йолу стихийн хьалхара гулар арайаьлла 1967-чу шарахь. Х1етахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан ц1е. Йешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадийра поэтан цул т1аьхьа арайийлинчу «Дог дохден ц1е», «Лаьмнийн шовданаш», «Лаьмнийн мукъамаш», «Даймехкан некъаш» ц1ерш йолчу стихийн гуларийн. «Цхьа-ши дош» книга йазйарна Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан совг1атан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра йевзаш а, йезаш а йу. Вевзаш ву цо йазйина Нохчийн а, Г1алг1айн а мехкан топонимех а, тайпанех а лаьцна книгаш бахьанехь. Цунна йелира Нохч-Г1алг1айн Республикин Халкъан поэтан ц1е.Иза вара Нохчийчоьнан а, СССР -н а йаздархойн Союзийн декъашхо.
Асаран беттан 20-чу дийнахь Сулейманов Ахьмадан дай баьхначу йуьртахь — Олхазар-к1отарахь, йаздархочунна ц1арахчу Литературни мемориальни музейна уллехь, цунна сий деш нохчийн б1ов схьайоьллуш, саг1а а доккхуш, церемони хилира.
Ала деза, Ахьмадан д1акхелхар хилира асаран беттан 20-чу дийнахь 31 шо хьалха — 1995-чу шарахь. Ткъа б1ов йина — йуьртарчу вахархочо, сийлахь-воккхачу патриот-меценато Эсиев Ибрах1има.

Гуламехь Нохчийн Республикера а, иштта луларчу Дег1аста Республикера а дуккха а г1арабевлла 1еламнах, парламентан декъашхой, гергарнаш, ц1ейаххана артисташ бара. Ша б1ов ширачу б1ешерашкахь лаьттинчу нохчийн г1ишлойн кепехь йина, 20 метр лекха а, пхи чоь а йолуш.
Мероприяти схьайиллира Хаважас, Сулейманов Ахьмад дика вевзаш волчу историко. Цо билгалдаьккхира, Ахьмад дукха хенахь дуьйна школана уллехь б1ов йилла лууш хилар.
— Вайна ма-хаъара, вайн къам йукъахь дуккха а хьалдолу нах бу, амма цуьнан лаам вайна массарна а вевзаш волчу Эсиев Ибрах1иман дахаре дерзийна — цунна вай 1аламат доккха баркалла олу. Дала бекхам бойла, могашалла лойла цунна, — элира Хаважас.
Дош делира Нохчийн Республикин Академин вице-президент хилла волу Дадашев Мохьмадна:
— Дела реза хуьлда х1окху мероприятина кхузахь гулбелчаьрна массарна а! Сулейманов Ахьмадан кхолларалла суна духхьара йевзира школехь доьшуш волуш. Цуьнан произведенеш йеша, йа цуьнан ц1е йаккха ца могуьйтуш зама йара цхьана хенахь. Цуьнан «Шовда» ц1е йолу произведени боккъалла а дагах кхеттера суна.
Иштта, со 1илманийн академехь болх беш волуш, цуьнан дуккха а белхаш бевзира суна, шайна йукъахь топонимих лаьцна берш а болуш. Цуьнан йиъ произведени зорбане йаьлла — 1976 шарера 1985 шаре кхаччалц. 1илманча г1аш лелаш вара — йарташна уллехь четарш х1оттой, лаьмнийн, хин, 1индаг1ийн, ширачу меттигийн ц1ераш д1айазйора меттигерчу баккхийчаьргара. Книгашна т1ехь эзарнаш микротопонимаш йу, церан маь1наш а, вайнехан исторически хиламашца йолу з1енаш а къастош. Ша цхьаьна цо кхочушдира йерриге а институто пхеа шарахь бен кхочушдан йиш йоцу г1уллакх.
Бугаев Абдулл — исторически 1илманийн кандидат, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан г1оьнча.
— Сулейманов Ахьман суна дика вевзара хьалха, со Нохч-Г1алг1айн АССР-н Лаккхарчу Кхеташонан депутат волуш. Шен халкъан дуьхьа къахьоьгуш, цуьнан истори йазйина цо. Ткъа тахана а цуьнан бух болчу произведенешна т1аьхьа д1ах1оттадо вай. И ирс дитина цо вайна.
Ибрах1им, баркалла хьуна ахь х1окху б1овна т1ехь бинчу боккхачу балхана, къинхьегамна! Аллах1 Дала могашалла лойла хьуна! Шу йуьрт махка йуькъахь йоккха метиг лоцуш йу.
Дена Батаев, технически 1илманийн доктор, профессор, АН ЧР- академик.
— Ширачу заманахь дуьйна б1овнаш нохчийн халкъана къоман дозалла, парг1ато, шайн дайшца йоьхна йоцчу з1енан йеза билгало хилла д1ах1оьттина. Вайнахана цара исторехь гойтуш хилла т1екхача йиш йоцуш хилар, доьзалан сий, кхераме тховк1ело, шайн культурин т1аьхьенан синан санна г1уллакх деш. Ас дуккха а ойла йина, мел тамашийна йу и проект вовшахтоьхна кхузахь — Сулейманов Ахьмадан музейна уллехь б1ов йан ойла кхоллайалар. Дуккха а некъаш дина цо, вайн махкана латтанаш толлуш, дуьйцуш. Тахана цуьнан маь1данаш доккха маь1на долуш ду вайна. Доккха баркалла ала лаьа Ибрах1имна, цо бинчу балхана!
Бексултанов Муса — Нохчийн Республикин халкъан йаздархо.
— Хазахета суна ас Сулейманов Ахьмадца цхьаьна болх бина хилар а, иза сайна дика вевзаш хилар а. Дуккха а пох1ма, боккха лаам болуш стаг вара иза. Кхузахь х1инцале а дуккха а наха дийцина цунах лаьцна, цундела йуха а дийца ца лаьа суна. Цуьнан произведенеш нохчийн литературни классика йу аьлла бен эр дац ас. Ткъа цуьнан топонимих лаьцна белхаш, мах боцу хазна йу вайна массарна а, вайн т1аьхьенна а.
Ельсаев Аламахьад — Нохчийн Республикин яздархойн Союзан председатель.
— Сулейманов Ахьмада шен б1ов йоьг1на. Цо и шена а, Ибрах1имна а йоьг1на. Дуьххьара Сулейманов Ахьмад вевзира суна студент волу шерашкахь. Цхьана барамехь цо аьлла дешнаш сан иэсехь дисира. Церан маь1на: «И лекха лам санна доккха вай къам хилча , со реза вара жима т1улг а хилла цу ламанан лахахь ваха».
Доккха баркалла шуна массарна а кхуза дахкарна!
Якиев 1умар — «Нийсо-Дагестан» газетан коьрта редактор.
— Со коллегашца Дагестанера схьавеъна, тайпана ч1аьнти ву .
— Тхоьх, дагестанерчу нохчашех лаьцна, цхьаммо йаздина дацара. Советан 1едал долчу хенахь А. Сулейманов Дагестане веара топонимих лаьцна материал гулйан, амма меттигерчу 1едало цунна новкъарло йира. СССР пачхьалк йоьхначул т1аьхьа эххар йуха а схьавеара. Тхан редакцера д1аволавелира иза.
Редакционни машенахь Хасавюьртехула а, цунна гонаха йолчу районашкахула а, Махачкалахула а чекхделира тхо.
Масех к1ирнах дуккха а материал гулйира цо. Х1етахь дуьйна з1енехь лаьтташ ду тхо. Ткъа А.Сулеймановн музейн директоран Сулейманова Совдатан доьзалца тахана а доттаг1алла лелош а ду. Эсиев Ибрагима кхочушдинарг мах хадо йиш йоцуш ду. Оха доккха баркалла боху цунна!
Шен рог1ехь Якиев 1умара Ибрах1имна совг1атна б1овнан макет йелира.
Токаев Сулейман — Нохчийн Республикин халкъан артист, Россин Федерацин хьакъволу артист.
— Сулейманов Ахьмадца дуккха а цхаьнакхетарш нисделира сан. Тайп-тайпанчу мероприятешкахь, концерташкахь, юбилейшкахь, презентацешкахь вовшахкхетта тхо. Тхан драматически театрехь а цхьаьнакхетарш хуьлура, цига кест-кеста вог1ура иза. Цуьнца муьлхха а тема йийцаре йан йиш йара сан.
Тахана вай оцу меттигехь б1ов схьайоьллуш хилар вуно маь1не хилам бу. Баркалла ала лаьа суна Эсиев Ибрах1имна а! Дела реза хуьлда шуна массарна!
Иштта кхид1а вистхилира: Нохчийн Республикин филологин, историн, бакъонан институтан директор Мусханова Йисита, Бугаев 1абдул — 1илманча-историк, Россин Федерацин йаздархойн Союзан декъашхо Умхаев Хьамзат, Нохчийн Республикин композиторийн союзан председатель Даудов Рамзан.
Билгалдаккха дог1у, Сулейманов Ахьмадан стихашна иллеш а Нохчийн Республикин халкъан артисташа д1аолуш хилар.
Церемони д1айаьхьначул т1аьхьа музейн кертахь бовха делкъан кхачанца саг1а а даьккхира.
А.Сулеймановн ц1арахчу музейн директоро Сулейманова Саудата даггара баркалла элира хене ца хьоьжуш мероприяте баьхкинчу массо а хьешашна.

Соипов Iилмади
Хасавюрт-Алхазурово, ЧР

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля