Нана, йиша …

 

Т1едог1учу к1ирандийнахь билгалдоккхуш ду Зударийн Дуьненайукъара деза де. Массо а махкашкахь оцу дийнахь даздаран хьолехь мероприятеш д1айахьар царна лерина. Бакъду, вай-м х1ора денна декъалбо уьш. Багахула д1а ца аларх а, дегнашкахь уьш беза а безаш, цаьрга ларам а болуш, уьш боцуш йиш йоций а хууш 1а вай.

Лаамза дац, алий хета, х1ара де б1аьстенан йуьххьехь нисдалар. 1аьнан шелоно 1адийна лаьттина долу 1алам самадолу. Ткъа цуьнца цхьаьна, йаьржа сено, хьаладолу зезагаш, хеза керла олхазарийн аьзнаш. И дерриге хазна вайн зударийн хазаллица цхьаьнадог1у. Бакъду, вайн нохчийн зударий-м уггаре а хаза бу. Дуьне ма-дду, муьлхачу а къаьмнашка д1ахьаьжича, вайн зударий санна, хаза йуьхь-сибат долуш, белабелла, бекхабелла, догц1ена зударий бац цхьаьнхьа а. Иза Делера совг1ат хета. Цхьабакъду, кхечу къомах болчаьрна а хеташ хила тарло иштта. Делахь, иза царна хеташ ду. Ткъа бакъдерг — вайн зударий хаза бу. Хьаъа х1уъу баьхчи а, иза иштта ду-кх.
Нохчийн исторехь дуккха а дог1уш ду зударша шайн дика ц1е йаккхийтина. Кхин х1умма а ца дийцича а, вайн къоман берриге а Турпалхой кхиийнарш а бу-кх вайн наной, йижарий. Массо а ханна ц1ийнан дукъ латтош, кхерч кхобуш, кхача кечбеш, доьзал кхетош-кхиорехь къахьоьгуш схьабог1у уьш.
Х1окху денна лерина, тхайн редакцин корматаллин тобанан ц1арах, даггара декъалбан лаьа вайн боцуш йиш йоцурш!
Х1ора дог1у де ирс дохьуш хуьлийла шун! Цхьа а сингаттам боцуш, сирла хуьлийла шун дахар, декхаделла-деладелла хуьлийла шун дегнаш! Могашалла, ирс, безам, ийман, беркат латтийла шун доьзалшкахь! Дуьненахь а, эхартахь а декъала хуьлийла шу!

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля