Доккха сагIа даьккхира…

 

Дагестан Республикин Ярыксу-Аухехь (Г1ачалкъехь) Гапуев Исмаила шайн б1ов-комплексехь, Нохчийн Республикера а, Дагестанера а 1еламнах а кхайкхина, мовлад а доьшуш, доккха саг1а даьккхира. Сийлахьчу Аллах1ана диезачех долу и г1уллакх вайн къоман барт, вежралла, уьйраш ч1аг1йарна лерина дара.
Нохчийчуьра баьхкинчу вежарийн тобанан коьртехь вара ц1онтаройн Эжин гарийн тхьамда волу Дадашев Хьусайн. Иштта, тобанан декъашхой бара Надтеречный к1оштан Грозный-г1алин Мичуринан ц1арах йолчу посёлкера, Чечанара, Гуьмсера, Лаха Ц1оьнтара, и.д1а кх.


Х1усамдас — Гапуев Исмаила хьешашна б1ов-комплексан чуйог1у г1ишлош а йовзуьйтуш, т1ейог1учу хенахь ша дан 1алашо йолу г1уллакхех дийцира хьешашна. Цара шайн аг1ора лаккхара мах хадийра Исмаила шайн дай баьхначу латта т1ехь 1ер-дахар дендеш бечу белхийн…
Саг1анах кхеттачул т1аьхьа, джама1ат малхбузан ламаз а дина, Дадашев Хьуьсайна ма-аллара, Исмаилан ният кхочушдеш, болх д1аболийра: Мовлад а дешна, назманаш а олуш, зикар дира бусулба вежарша… Дуккха до1анаш дира ийман, барт, беркат, машар, вовшийн Аллах1ан дуьхьа дезар доьхуш…
Маьрк1ажан ламаз динчул т1аьхьа, йуха, кхин цкъа а саг1ех а кхетийтина, Нохчийчуьра а, Дагестанера а хьеший новкъа бехира Г1ачалкъахь ваьхначу Г1апун ц1ийнах схьабевллачу т1аьхьенаша — Исмаилан доьзало.
Сийлахьчу Аллах1а къобалдойла вайн махкахь х1ораммо а мел доккху саг1а!
Зайнулабидов Халид

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля