Вайн къоман йукъаралла чIагIъйеш…

 

Лахьанан беттан 4-чу дийнахь вай даздеш ду Къоман Цхьааллин де. Вайн пачхьалкхехь иза уггаре а дезчу денойх цхьаъ ду — халкъаш цхьаьнатохар а, церан декъашхойн цхьалла а мехала хилар гойту цо.

1612-чу шарахь Польша оккупацех мукъайаккхира Минин а, Пожарский а коьртехь а болуш. Россин аьтто белира цхьаьнакхета а, шен мохк мостаг1чун т1елатарх ларбан а. Иза вайн исторехь къоман бартан а, турпалаллин а масал хилла д1ах1оьттина.
Х1ора стагана шен махкахь хилларг хаа деза, х1унда аьлча, д1адахнарг ца девзича, хиндолчун ойла йан йиш йац. Ткъа х1окху дезчу дийно г1о до вайна, д1айаханчу заманан ойла йина ца 1аш, х1инцалерачу хиламийн а, вайн мехкан кханенан а ойла йан. Къоман барт хиларан коьртачу аг1онех цхьаъ йу х1ора стеган маршо ларар, муьлххачу къомах а, динах а, йукъараллин хьолах а хьаьжна доцуш.
Дика а, ч1ог1а оьшуш а дезде ду, аьлла хета, Къоман Цхьааллин де. Массо а хенахь вайн хьалха х1уьтту баккхий баланаш, кхерамаш. Царна дуьхьало йан вайн халкъан барт а, лаам а, ницкъ а оьшу йерриге халонаш эшо.
Муьлххачу а минотехь шен Даймахкана г1ортор йан кийча хила а, иза ларбан а х1ора вахархочун декхар ду. Барт хиларехь бен бац адамийн коьрта ницкъ. Иза вайн халкъо гайтина Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1абоьдуш. Вайн пачхьалкхан массо а мостаг1ашна хаа деза, халачу миноташкахь вай цхьаьнакхетар дуй а, цхьана а х1умано вай дохо йиш йоцийла а.
Хаза а, йоккха а пачхьалкхехь дехаш ду вай, шен чохь 1аламат дукха адамаш долуш. Россин Федерацин территори т1ехь 200 гергга къам ду. Уьш массо а тайп-тайпана а, культурица а, г1иллакхашца а вовшех къаьсташ делахь а, вай цхьаъ ду.
Х1ора стаго кхин къаьмнаш ларош хилча, вай машаре а, бертахь а дехаш хир ду, вайн халкъийн цхьаалла а ч1аг1лур йу.
Вай цхьаьнатоьхна йукъара историно. Х1ора стаг лулахо а, уггаре а дика доттаг1 а санна т1еэцар – иза дуьненахь мел долчу халкъийн доккха совг1ат ду.
Массо а халкъийн ламасташ а, г1иллакхаш а лардарца, лаьтта т1ехь машар а, вовшех кхетар а латто йиш йу вайн. Ша лелочун ойла йан йеза х1ора стага. Вовшашца лерам барца кхуллу х1инца вай деха йукъаралла.
Х1ора стаг шен лаамехь болх бан а, адамашна йукъара йукъаметтигаш ларош йолчу барамашкахь дакъалаца а йиш йолуш ву.
Карарчу хенахь дуккха а некъаш ду дика йукъараллин хьал тодан. Барт болуш, вайн къоман йукъаралла ч1аг1ъйар — вайх х1ораннах а дозуш ду.
Цхьаьна хилча бен вай барт болуш хир дац. Цундела вай лардийр ду вайн къаьмнашна йукъахь кхиъна доттаг1алла!
Дала декъалдойла Къоман цхьааллин денца!

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля