Товбецан беттан хаза денош ч1ог1а сиха чекхдевлла. Стиглахь сира мархаш йу, г1аш мажделла, дитташ т1ера охьаоьгуш ду. Дукха нахана мелла а г1айг1ане хета ишттачу деношкахь. Амма товбецан 3-чу дийнахь массо а адам делалуш хила деза, х1унда аьлча х1окху беттан хьалхарчу п1ераскан дийнахь дерриг а дуьненахь билгалдоккху Дуьненайукъара велакъажаран де.
Велакъежар уггаре а дика дарба ду боху, дог доьхна, вай лелаш хилча, йа дагчохь сингаттам хилча.
И тамашийна дезде Харви Белл ц1е йолчу суртдиллархо бахьанехь кхолладелла. 1963-чу шарахь 1амеркерчу страховой кампанин шен логотип оьшуш хилла. Хьашт кхолладелира ши кампани цхьаьнакхетар бахьана долуш. Церан белхахой саготта а, оьг1азбахана а бара. Масех минот йалале Харвис кехата т1ехь кхоьллира йелакъежаш йуьхь. И гича дерриге адам делакъежира, бохуш, дуьйцу. Иштта, вайн таханлерчу дийнахь дика йевзаш йолу «смайлик» кхоллайелира.
Клиенташа Беллана пхийтта доллар ахча а делла, йуьхьца кнопкаш а йина, уьш кампанин белхахошна д1асайекъна. Церан кхиам массо а сатийсамал а совбаьлла. Кампанин клиенташна ч1ог1а хазахийтира и «визитни карточка» — масех баттахь 10 эзар сов кнопка йира.
Дукха хан йалале, футболкаш т1ехь, маркаш т1ехь, конверташ т1ехь, кружкаш т1ехь, кхин а дуккха а х1уманаш т1ехь гучуйала йолаелира и хаза «йуьхь». Иза тахана а инзаре г1арайаьлла йисина — таханлерчу дийнахь и смайликаш йоцуш цхьа а х1ума а йац.
Ала деза, Харви къаьсттина зеделларг долуш вацара финансийн г1уллакхашкахь, цундела цо шен кхоллараллина йуьхьанца патент ца йира. Цунах пайда ийцира кхечу наха, иза шаьш кхоьллина аьлла. Амма суртдиллархочо цаьрца цхьа а хьаг1 ца латтайора.
Воккха стаг волуш, Белл ша дуьненайукъара ирсан векал лара волавелира, цо шен дезде кхоьллира — Дуьненайукъара велакъажаран де, аьлла. Иза дуьххьара даздира 1999-чу шеран эсаран беттан 1-чу дийнахь, т1аьхьо и д1адаьхьира эсаран беттан хьалхарчу п1ераскан дийне.
Х1унда кхоьллина иштта тамашийна терахь?
П1ераскан де велакъежарна дика ду (цунна т1аьхьа дог1уш ши мукъа де ду), ткъа даздар эсаран баттахь хуьлу, х1унда аьлча гуьйре т1ейеача дуккха а нахана сингаттам хила буьйлало.
Дезачу дийнан шен девиз йу – «Дика г1уллакх де. Цхьа стаг мукъне велаве!» — бохуш йолу.
Велар — адаман йуьхь т1ехь уггаре а хаза гайтам бу. 1илманчашна хетарехь, велакъежаро могашаллина дика т1е1аткъам бо, иммунитет ч1аг1йо, стресс а, к1адвалар а д1адаккха г1о до, адам ирсе а, кхиаме а хуьлу.
Диц ма де шайн де доьзална а, накъосташна а, ур-атталла т1ехбовлучарна а делакъежаш д1адоло!
БИБУЛАТОВА Iайнаъ